Адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнерчу актови зала чохь «Нохчийн Республикин граждански юкъараллин институташа а, пачхьалкхан органаша а цхьаьна гIуллакхашдар» аьллачу темина, Адамийн бакъонаш ларъяран денна лерина, цхьаьнакхетар хилира.

Иза вовшахтоьхнера Адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъяран регионашна юкъарчу«Коалиция» юкъараллин боламо, «Оптимум» а, Нохчийчоьнан «РСНО» а боламашца а, республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментаца а, экономикин, мохк кхиоран а, мах лелоран а министертвоца а, Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикерчу Урхаллица а, Нохчийн Республикехь Адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратаца а цхьаьна.

Цигахь дакъалецира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана, Нохчийн Республикехь Адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратан куьйгалхочо Эльмурзаев Хьасана, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Абазов Рустама, Халкъан фронтан Нохчийн Республикехь йолчу юкъараллин отделенин куьйгалхочо Мусаев Тимура, кхечара.

Цигахь вистхиллачу Хь.Эльмурзаевс дийцира юкъараллин организацин белхан мехалах лаьцна.

– Вайн регионехь ерриге а ведомствошца зIенаш латтош пачхьалкхан институташ а, юкъараллин организацеш а ю. Цундела, майрра ала йиш ю: адамийн бакъонаш вайн регионехь ларъеш ю. И беркат вайна схьадогIуш ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентера, Россин Турпалхочуьнгара Кадыров Ахьмад-Хьаьжигара, таханлерчу дийнахь и беркате гIуллакх дIакхоьхьуш цуьнан кIант, Нохчйин Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а волуш, – элира цо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь гулбеллачеран самукъадоккхуш концертан программа гайтира Нохчийн Республикин эстрадин артисташа.

Цхьаьнакхетар дерзийра юкъараллин организацийн векалшна Сийлаллин грамоташ, баркаллин кехаташ даларца.

Хь.ДАУДОВА

№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: