ХIокху шеран гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнахь 15 шо кхечи Нохчийчохь историн маьIна долу мехала хилам хилла. Оцу дийнахь, дIабоьдуш тIом а болуш, дуьненаюкъарчу террористаша ямартлонаш, тешнабехкаш бечу, тайп-тайпана питанаш лелочу муьрехь Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца Нохчийчоьнан халкъийн гулам дIабаьхьира.
Оцу хиламан дакъалацархо ву тахана Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель волу Жамалдаев Шаид.
Цо, «Даймохк» газетан редакцин дехарна жоп луш, шен цхьадолу гIуллакхаш юха а теттина, дийцира: – Кхераме а, чолхе а хан яра иза. Юьртара юьрта вахар а тешаме дацара. Нохчийчохь олалла деш, шегара и олалла охьа ца дилла гIерташ хьийзаш бара герзашца болу нах. Цунна ца лаьара республикехь синтем а, маршо а хуьлийла. Карзахе хьал мелла а дахдан гIерташ къахьоьгура цара. Къаьсттина халкъ кхерамехь латтош бара дуьненан массо а маьIIера схьабаьхкина зуламхой а, террористаш а, цаьрца берта бахана вайн вешан зуламхой а. Къам декъаделла дара. Цуьнан барт бацара. Массо а шен са дадина лелаш вара… Кхин масане дара уьш.
Оцу хьолехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, корггера ойла а йина, зуламхоша лелочу мекарлонийн, питанийн кIорггера маьIна а даьккхина, герзашца лелачеран политикин духе а кхиъна, чIогIа хьекъале сацам бира: Нохчийчохь дехачу халкъех дагавала, царна хIун лаьа хьажа, халкъан барт бан гечо лаха.
Иза диначул тIаьхьий бен республикехь бакъо а, нийсо а, низам а, къепе а хин йолу некъ лохийла дацара.
Цундела Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шена гонаха болчу кIеззигчу нахе дIахьедира: «Вежарий, вай халкъах дагадовла деза, цунна хIун лаьа хьовса деза. Иза вайна Нохчийчохь дехачу халкъийн гулам дIабаьхьчий бен хуийла дац». Цо бохург къобалдира цуьнан бIанакъосташа.
ДIадолийра гулам дIабахьарна кечам бар. Билгалдаьккхира де а. Республикин хIора кIошта геланчаш а оьхуьйтуш, берриге а къаьмнийн векалшка хаамаш бира гулам дIахьуриг хиларан хьокъехь а, цига делегацеш харжа езаш хиларан хьокъехь а.
Цига кхайкхира берриге а министраш, кIоштийн, яртийн дай, тайпанийн тхьамданаш, маьждигийн имамаш, школийн, дешаран кхечу заведенийн куьйгалхой, интеллигенцин векалш, яздархой, Iилманчаш, Iеламнах, кхиберш. Царах дукхах берш бахка а баьхкира, цигахь дакъалаца шайна а, шайн доьзалшна а кхераме дуй хуъушехь.
Цаьрца цхьаьна оцу гуламехь дакъалоцуш бара Эвлаяийн тIаьхьенах, къурайшин цIийнах болу нах, ткъа иштта ногIийн, гIумкийн, гIалгIайн, гIалагIазкхийн, гуьржийн, оьрсийн векалш, кхиберш. Верриге а 350 сов делегат вара гуламехь дакъалоцуш.
Беза хьеший санна тIеийцира Россин Пачхьалкхан Думин цхьамогIа депутаташ а, вайн цIеяххана болу политикин гIуллакххой а. Царна хьалха боккха чулацам, кIорггера маьIна долуш, халкъах а, махках а болчу лазамах, сингаттамах дуьзна къамел дира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цо хоьттура: «ХIун де вай? Иштта Iийна девр дуй вай? ХIора шовзткъа, шовзткъе итт шо мел дели тIемаш беш, халкъ хIоразза а хIаллакьхиларан зила тIе а хIоттош… Цкъа мукъа а нах санна даха Iама вай? Даима тIемаш деш ду вай. Иза сацо деза. Со тIом сацон веана вац, со тIом гуттаренна а дIабаккха веана ву…».
Нохчийчоьнан Администрацин куьйгалхочо кхин а дуккха а хаттарш дира гуламе баьхкинчаьрга, церан дагахь хIун ду, царна хIун лаьа хьаьжира. Юха, шена и дерриге а хиъначул тIаьхьа, дIахьедира ша а халкъана луъуш дерг лууш хилар а, цо боххург дийр долуш хилар а, цхьана а хIуманна бIокъажийна, цхьана а хIуманах озавелла Iийр волуш цахилар а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дийцира Нохчийчуьра тIом ницкъ ма кхоччу сиха сацон безаш хиларх, Iехабелла кегийрхой, махках бевлла, дуьне ма-дду дIасабахана нохчий, кхечу къаьмнийн векалш шайн цIаберзо безаш хиларх, дуккха а кхечунах лаьцна.
Билггал оцу гуламехь барт хилира вайн республикехь, цуьнан статусан хьокъехь референдум дIаяьхьа, Конституци тIеэца, цул тIаьхьа регионан куьйгалхо а, парламент а харжа, – бохура Жамалдаев Шаида.
Цо ма-бохху, гуламан дакъалацархоша сацам бира цу декъехь сихонца болх ерриге а кIошташкахь, ярташкахь, шахьаршкахь дIабахьа, хIунда аьлча, халкъан лаамаш, хьежамаш гойту берг еккъа цхьа референдум бен яцара. Цигахь уггаре а хьалха къасто езара республикин статус. Вуьтша аьлча, къасто дезара халкъана Нохчийчоь цхьаннах а йозуш йоцу пачхьалкх хила лаьа я кхидолчу халкъашна санна, Россин дукхакъаьмний пачхьалкхана юкъахь хила лаьа бохург.
Оцу хаттарна жоп деллачул тIаьхьий бен дуьйцийла дацара Конституцех а, Президентан а, Парламентан а харжамех а лаьцна. Халкъан дог-ойла дика евзаш волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лаа ма ца аьллера оцу гуламехь халкъо бинна сацам къобалбийр болуш ву ша, аьлла.
– Гуламан делегаташа А.-Хь.Кадыровга дийхира нохчийн дерриге а халкъан референдум вовшахтохарна, дIаяхьарна, Конституцин проект кечъярна лерина гIуллакхаш дIадахьар. Цара дIахаийтира шаьш цуьнан гIолоцуш хилар, цо арабаьккхина некъ къобалбеш хилар, цунах тешаш хилар, – дуьйцу кхидIа а Нохчийчоьнан Парламентан вице-спикера. – Гуламехь хилла къамел дукха сиха даьржира республикехула. Нехан гIайгIане, кхоьллина хилла яххьаш серлаевлира, кхане синтеме хирг хиларх болчу тешаман суй хьала летира церан дегнашкахь.
Бехк а бацара. Царна кIордийнера тIом, къизалла, къепазалла, шайн бакъонаш хьешар, герзаш карахь долчу наха шайна луъург лелор, шаьш хьийзор.
Машаре, синтеме сатесна дара адамаш. Царна и мерза машар а, синтем а хилийта араваьлла вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, шен са, дегI махина а диллина. Иза ган доладеллера халкъана. Цу тIехь Iаламат мехала маьIна лелийна гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнахь дIабаьхьначу Нохчийн Республикин халкъийн гуламо. Цуьнан кхоччуш мах хадо кхиъна дац вай хIинца а. Цу декъехь болх бан беза историкаша а, аналитикаша а, политикаша а.
Оцу гуламна тIера дIайолалуш ма ю республикехь дерриге а халкъан референдум дIаяхьаран, Конституци тIеэцаран, цуьнца нийса а догIуш, Нохчийчоьнан хьалхара Президент, ткъа иштта Парламент харжаран юьхь. Оцу гIуллакхашкахь жигара дакъалаьцна хиларе терра, суна дика дагадогIу юьхьанца юкъаяьккхинарг Конституцин 11 проект хилар.
Царах, гIолехь а лерина, схьахаьржинарг 5 яра. Царна юкъахь уггаре а тоьлла лерира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кечйина проект. Референдумехь халкъо тIеэцнарг а иза яра. Тахана оцу Конституцица некъ беш, шо-шаре кхиарехьа яккхий гIулчаш йохуш, хьалхахьа доьлхуш ду вай.
ХIетахь тхуна юкъахь дукха бацара хIокху зовкъе оццул сиха, йоццачу хенахь, кхочур ду бохучух тешаш берш.
Амма, шеко йоццуш, цунах уггаре а хьалха тешнарг а, тхо тешийнарг а Ахьмад-Хьаьжа вара. Цунах схьадаьлла беркат ду хIара дерриге а. Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
Къамел дIаяздинарг – С.ХАСАНОВ
№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо