Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Iамаркан Президента Д.Трампа хIокху деношкахь дIахьедина США-н эскарша Шемахь а, Иракъехь а болчу террористийн боламашна тIехь бIаьрла толам баьккхина аьлла. Эхь ца хетачо хIуъа а дуьйцу-кх. Шен ма хуьллу террористашна герзашца а, ахчанца а гIо-накъосталла дина йолу Iамарк, тахана царна тIехь толам баьккхинарг хила гIерташ ю. Толаман исс да хуьлу баьхна-кх хьекъалан дайша.
***
Шемара хьал машаран некъа тIе дерзоран а, оцу махкара шахьарш, ярташ меттахIитторан а хьокъехь къамелаш хир ду гIуран (декабрь) беттан 21–22-чуй деношкахь Казахстанан пачхьенехь Астанахь дIахьон долчу дийцаршкахь. Цигахь дакъалоцуш хир бу ГIажарийчоьнан, Хонкаран, Россин векалш, Шемин Iедалан а, оппозицин а декъашхой.
***
ГIоьртина дуьсуш ду Иерусалимана гонаха долу хьал. Палестинин куьйгалхочо Махьмуд Iаббаса дIахьедина Iамарко даржийна питана чекхдала йиш цахилар а, Иерусалимерчу бусалбанийн езачу меттигашна, цу юкъахь Байтал-Мукъадис маьждигана а кьуйгаш тIекхийдадойтург цахилар а. Бусалбанийн пачхьалкхийн куьйгалхой а банне а реза бац Д.Трампа динчу дIахьедарна.
***
Евросоюзо хIокху кIиранах шен рогIерчу кхеташонехь дийцаре дийр ду Россина дуьхьал йина санкцеш кхидIа а яхъяран хьокъехь долу гIуллакхаш. Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхийн векалша муьлхха сацам бича а бен-башха ца хета Россин куьйгаллина а, бахархошна а. Уьш боьлла оцу санкцех. Цара вайн мехкан экономикина а, политикина а беш болу тIеIаткъам шо-шаре даларца лахлуш бу. Делахь-хIета, лахлуш ду санкцийн маьIна а.
***
Чинин пачхьенерчу (Пекинерчу) цхьана цIийнах цIеялар бахьана долуш 5 стаг кхелхина, 8 стаг лазийна. Цуьнца доьзна дIахьош ду талламаш баран гIуллакхаш. Цкъачунна хууш дац цIеяларан бахьана.
***
Кени пачхьалкхан къилбаседа-малхбузенан декъерчу цхьана некъа тIехь боккха бохам хилла, масех машен вовшах а кхетта. Оцу бохамехь 25 стаг кхелхина, лазийнарш а бу. Церан барам билггал мел бу хууш дац. Мехкан бакъонашларъяран органийн говзанчаша дIахьош ду бохам хиларан бахьана а, бохам хиларна бехкениг а къасторан декъехь талламаш бар.
***
Россин Федерацехь хIинцале а хIаллакдина дIадаьхна химин герзаш. Цу хьокъехь Россица барт бинчу США-на хIинца а лаххара а пхи шо хан оьшур ю шайн махкара химин герзаш хIаллакдан. Делахь а, уьш сиха бац оцу герзах дIакъаста. Цуьнга терра ду уьш хIаллакдарехь деш долу гIуллакхаш а.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара юха а даккхий герзаш диттина Луганскан областерчу цхьамогIа ярташна. Иттех цIа дохийна. Масех стагана чевнаш йина. Европерчу тергамхоша шайна и сурт ца гуш санна кеп хIиттайо, цхьана а тайпана жоп ца доьху герзаш деттар сацоран хьокъехь бина барт бохош болчаьрга.
***
Россин Президента В.Путина хIокху деношкахь куьг таIийна 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна федеральни пачхьалкхан гIуллакххойн (госслужащие) белхан алапаш лакхадахаран хьокъехь долчу Указана.
***
Аштаркханан областехь хиллачу некъан транспортан бохамехь 5 стаг кхелхина. Царна юкъахь цхьа бер а ду. Оцу бохамехь масех стаг лазийна. Цуьнца доьзна талламан белхаш дIахьош бу бакъонашларъяран органийн белхахой.
***
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн а, оборонин а министерствийн куьйгалхоша хIокху деношкахь куьйгаш таIийна бахархойн бакъонаш а, юкъараллин къепе а ларъяран декъехь цхьаьна гIуллакхаш даран хьокъехь болчу бартана.

№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: