Нохчийн Республикин Парламентехь Россин Конституцин денна лерина даздарш дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Саралиев Шамсаила, республикин бакъонашларъяран органийн дакъойн командираша, юкъараллин векалша, кхечара.
Даздарш дIадолийра Россин а, Нохчийн а гимнаш лакхарца. Цул тIаьхьа Россин Конституцин денна лерина видеокийсак гайтира.
Вайн республикин Куьйгалхочо шен къамелехь билгалдаьккхира Конституци тIеэцарца Россин Федераци тешам боллуш демократин новкъа яьлла хилар.
– 1993-чу шарахь тIеэцна Россин Федерацин хIинца гIуллакх деш йолу Конституци. И некъ нийса хилла. Россин Федераци демократин агIор кхиорехь доккха дакъа лаьцна Конституцис. Вайн пачхьалкхехь дехачу къаьмнашна юкъахь барт, машар латтабо Конституцис. Цо лоруьйту хIораннан дин, культура, Iадаташ.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а билгалдоккхура маьршачу нехан бакъонаш а, маршо а ларъяр шена уггаре а коьрта хеташ хилар.
Таханлерчу дийнахь сирла, маьрша тахане а, кхане а ю Россин Федерацин.
«Дийно-дийно къаьмнийн доттагIалла чIагIлуш кхуьийла вайн Даймохк», – элира Кадыров Рамзана.
Иштта, регионан Куьйгалхочо пачхьалкхан Коьртачу законан 24 шо кхачарца декъалбира махкахой: «Ас декъалдо шу Россин Федерацин Конституцин денца! Даима а маьршачу махкахь, кханалерчу дийнах тешам болуш дехийла вай!», – элира Р.Кадыровс.
Цул тIаьхьа вистхиллачу М.Даудовс билагал ма-даккхара, Россин Федерацин Конституци пачхьалкхан
коьрта документ ду.
– Россин Федерацин Конституцин де пачхьалкхан уггаре а коьрта дезаде ду. Россин Федерацин Конституцин чIагIо хилла лаьттачу Россин Президентан Путин Владимиран кхиаме некъ бахьана долуш, тахана Росси дуьненахь боккха сий-ларам болуш ю.
Иштта, суна дагадаийта лаьа дIадахначу шерийн тIеман уггаре а халачу муьрехь Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран боккхачу лаамца, халкъана даггара тIетовжарца Нохчийн Республикин Конституци тIеэцарехула йолу референдум дIаяьхьна хилар. Иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин политикин, граждански, патриоталлин, адамаллин, комаьршаллин хьуьнар дара. Цо таро елира нохчашна, Россин Федерацина юкъахь а долуш, машаре боьдучу новкъа довла, – элира Парламентан
спикера.
Мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Сийнна лерина» мидалш елира Парламентан спикерна Даудов Мохьмадна, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместительна, автомобилийн некъийн министрана Тумхаджиев Абубакарна.
Иштта, «Нохчийн Республикин хьакъволу юрист» аьлла Сийлахь цIе елира Нохчийн Республикин Конституционни суьдан Председательна Насуханов Вахина.
Хь.БАХТАЕВА
№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо