Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театрально-концертийн зала чохь дIаяьхьира «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа – кхузаманан Нохчийн Республикин пачхьалкхалла кхоьллинарг» цIе йолу дуьненаюкъара форум. Иза лерина яра 2002-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнахь Гуьмсехь Нохчийн Республикин халкъийн гулам дIабаьхьна 15 шо кхачарна.

Форумехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, республикин Куьйгахочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Израйилов Iабдул-КъахIир, Къилбаседа Кавказан Iеламнехан Кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь, кхиберш.
Цига кхайкхинчу хьешашна юкъахь вара Россин ФАДН-н куьйгалхо Баринов Игорь, Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхара заместитель Байсултанов Одес, Абхази Республикин Iилманийн Академин историн институтан директоран заместитель Гумба Гурам, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташ, Юкъараллин Советан декъашхой, Иорданехь, Азербайджанехь, Казахстанехь, Москвахь, мехкан кхечу регионашкахь Iаш болчу нохчийн векалш, кхиберш.
Форуман хьешашка а, дакъалацархошка а салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас республикехь машар барехь Къуръанах а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатех а куьйгалла оьцуш хилла хилар.
«Ша бакъволу бусалба стаг хиларе терра, Ахьмад-Хьаьжас кест-кеста даладора Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гIазотан хьокъехь долу хьадис. Цо аьлла: «Делан некъа тIехь тIом беш доккхуш дерг жима гIазот ду, цуьнца дуьстича маьршачу дахарехь къахьегарца доккхуш дерг доккха гIазот ду».
Ахьмад-Хьаьжин командин ветеранашна дика дагадогIу цуьнга итт шарахь цхьана а тайпа политикин гIуллакхаш ма леладе баьхна хилар, цу юкъахь Президентан а, Парламентан а харжамаш дIабахьар а, Нохчийн Республикин статус къастор а долуш. Делахь а, Ахьмад-Хьаьжас ша цхьа а гIулч йоккхур яц элира, цкъа хьалха халкъах дага ца волуш», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
«Республикина хьалха лаьтта проблемаш кхиамца дIаяхарехь Iаламат доккха маьIна лелийна Россин Президентана Путин Владимирний, Ахьмад-Хьаьжиний юкъахь хиллачу чIогIачу доттагIалло. И шиъ вовшах тешаш вара. Ахьмад-Хьаьжас вайга весет дина дика даха, бертахь Iе, зовкхе даха, бохуш. Вайн халкъ хьакъ а ду иштта даха. Кхочушхилла цо баьхнарг. Тхо къийсам дIахьош ду, тхо кхиамаш бохуш ду, тхо зовкхе дехар ду», – чIагIдира Р.Кадыровс.
Цул тIаьхьа цо дийцира нохчийн бIаьхоша Шемахь къепе латторехь дакъалаьцна хиларх ша дозалла деш хиларх, даима а пачхьалкх, регион, халкъ лардийриг хиларх, делла дош кхочушдийриг хиларх лаьцна.
Россин Пачхьалкхан Думин депутата М.Селимхановс довзийтира Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнга а, форуман дакъалацархошка а Россин Пачхьалкхан Думин Председатела Володин Вячеслава даийтина декъалдар. Кхуззахь дIадийшира Россин Правительствон Председателан заместитела А.Хлопонина даийтина декъалдар а.
Юха, 15 шо хьалха Гуьмсехь хиллачу Нохчийчоьнан халкъийн гуламо а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а регионехь машар хилийтарехьа лелийначу маьIнех а, кхечунах а лаьцна къамелаш дира къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон (ФАДН) куьйгалхочо И.Бариновс, Къилбаседа Кавказерчу Iеламнехан Кхеташонан куьйгалхочо Х.-А.Кадыровс, Пачхьалкхан Думин депутата И.Роднинас, Казахстанан Парламентан Межлисан депутата Мурадов Ахьмада, Иорданерчу нохчийн векала Шишани Амина, цхьамогIа кхечара.
Д.АНАДЕВ
№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо