Йицъян бакъо йоцу синбIаьвнаш

Шахбулатов Iаднан… Бакъволу къонах. Чолхечу дахаран халонашка ца кагъелла нуьцкъала амал. Дуьне цецдаьккхина синъондалла. ПохIме композитор. Нохчийн къоман музыкин культурехь сирла агIо, мах боцу беркат, вайн цкъа а йицъян бакъо йоцчу синбIаьвнех цхьаъ. Масех чкъор хьалакхиъна цуьнан башхачу мукъамашна тIехь. Уьш Нохчийчохь я Кавказехь бекна ца Iаш, Москвахь, Ленинградехь, Киевехь, Минскехь бекара. Уьш бевзара, безара. Шахбулатов Iаднана баьхначу мукъамаша
ойланаш тIомайохура, керлачу анайисте кхойкхура, цара дахаре безам чIагIбора. Композитор ша а вара чIогIа дахар дезаш, дуьненахь ша йоккхучу хIора мIаьргонан хама-пусар деш. Цунна къеггина тоьшалла ду Шахбулатов Iаднанан дахар а, къизачу заьIапаллин йийсарехь ткъех шо доккхуш, доьналлех ца вухуш, цо баьхна мукъамаш а.

ДегаIийжаме бералла

Уггаре а яккхийчарах ларалучу нохчийн ширачу юьртахь Хьалха-МартантIехь 1937-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 25-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Шахбулатов Iаднан.

Цуьнан ден Макин схьавалар ГаланчIожах хьерчачу Кербичера дара, верасаш Шалажехь Iар-бахар долуш хиллехь а. Белхан декхарша кхачийнера Мака Хьалха-МартантIе. Иза милицин оперуполномоченни вара. Дукха нахана гIуллакх дина, дика цIе йоккхуш а вара.

ХIусамнана Хадижат Хьалха-МартантIера яра Макин. Церан дуьххьарлера доьзалхо вара Iаднан. ТIаьхьо, кхин цхьа кIант, ши йоI дуьнен чу даларца стамбелира Макин доьзал. Уьш кхетош-кхион рагI кхочуш вацара да белхан сихалла бахьанехь. И декхарш Хадижатана тIехь дара. Иза цаьрца дика ларориг хиларх цхьана а кепара шеко яцара хIусамден.

Советийн Союзана чолхе беана мур бу чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш, вайнахана марш баьттIа 40-гIа шераш ца хиллехь а. Де а, буьйса а балхахь дIадоьдура Макин. Зуламхойн ардангаш яра лаьмнашкахь хьулъелла, каяьллачохь талораш деш. Нийса хир дацара уьш берриге а нохчий хилла аьлча. Луларчу республикашкара зуламхой а нохчийн лаьмнашка бовдура, шайн мехкашкахь Iедална гIарабовла боьлча.

Дукха жIайхой, хIирий, гIебартой, гIалмакхой, иштта кхечу къаьмнийн векалш хилла оцу муьрехь вайн лаьмнашкахь хьулбелла. Нохчийн милцоша схьалоьцуш а, Iедале хьакъ доллу таIзар дайта дIалуш хилла уьш. Амма тIаьхьо, вайнах махках бахар дагадеъча, уьш берриге а нохчех схьабевлла «халкъан мостагIий» лерина Сталинан хьадалчаша.

Iаднан дуьнен чу ваьллачу муьрехь, цуьнан да Мака и зуламхой схьалоьцуш хилла. Цул тIаьхьа немцойн фашисташа Советийн Союзана тIелатар дина. ТIаккха болх кхин а жигарабаккха дезна, тIеман ара дIа ца воьдуш висинчу массо а милцочун. Бакъду, нохчийн милцоша болх мел жигарабаьккхинехь а, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь шайн махках баьхна нохчий, гIалгIай. Нохчийн халкъе кхаьчначу декъазчу декъехь бара Шахбулатов Макин доьзал а.

Ялх шо кхаьчна бер дара Iаднан «халкъан мостагI» лерина НКВД-н йовсарша махках воккхуш. ХIетахь Iаднан жима вара. Дика ца кхеташ хилла хила там бу иза ша схьаваьллачу къомана Сталинан хьадалчаша йинчу ямартлонах. Амма кIентан дог Iийжош яра ненан бIаьргаш чуьра Iанаоьху шийла гIайгIа, цхьана мIаьргонехь Iаржъелла лаьттан баса йирзина ден юьхь а. ГIеметтахIоьттина стаг хилла Iаднанан да, ткъех дийнахь шалонна тIехь некъ беш, сингаттамна къежвелла, воккхачу стеган хотIе вирзира.

Казахстане дIакхаьчча ШахбулатовгIеран доьзал Алма-Ата гIалин йистошца Iуьллучу цхьана юьртахь дIатарбелира. Кхеран ирсана дуккха а нохчий бара оцу юьртахь дIатарбина. Уьш лулахь хилар а гIоле хетара царна. Нохчийн мотт мел буьйцург а йиша-ваша хеташ зама яра иза. Мацалла, гIело, шело, даррехь йолу харцо массара а цхьабосса ловш яра. Махкала даро дукха лазарш, сиркхонаш яржийра вайнахана юкъахь.

Леш дара адамаш. Ура-атталла, веллачунна каш даккха ницкъ боцуш, гIелделлера адам. Амма яхь дIа-м ца лора нохчаша, доьналлех ца бухура. Хьаьнгга орцадоккхий а велларг дIавуллура, шена ца кхоллуш а деэшначунна кховдайора. Кавказехь бина болх Шахбулатов Макех тешор бу бохург, аьттехьа а дацара. Делахь а, доьзал хене ца баьккхича ца болура. Iаднанан нана Хадижат цIахь йолуш дуьйна маха баккха, бедар тега хууш яра. Цунах доккха беркат а делира. Дукха хан ялале, лула-кулахь гIараделира Хадижат бедарш тега хууш хилар. Юьхьанца цхьаннан а аьтто бацара керла барзакъ тегийта, тиша-киша латийна, йома йиллина хене вала камIараш етташ вара массо а. Хадижата дукха говза тоьгура.

Куьцана тир яьккхича санна хуьлура цо йиллина йома. Иштта дечу кега-мерсачу гIуллакхех, деман кад лой а, шурин стака кховдадой а хIума дора казахийн зударша. ТIаьхьо вайнехан дахар а мелла тодала  доладелира. Iаьржа белхаш бан нохчех, гIалгIайх юьхьанца тешош ца хиллехь а, лучу алапо гIеххьа гIо накъосталла дора доьзал хене баккха.

Казахстанехь вахара Шахбулатов Iаднан школе деша а. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна дешарна чIогIа тIера вара кIант. Дукха хьалхе волавелира иза исбаьхьаллин литература. Оцу хенахь хIинца санна телевизорш, телефонаш яцара. Дерриге а самукъа книгашца дара. Иэс сема долчу Iаднанна дукха байташ дагахь хаьара. КIентан ирсана оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо шен болх а, дешархой а дукхабезаш, говзаллин лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, дог цIена адам хиллера. Цо цкъа а къаьмнаш ца къестадора, цхьа а емал ца вора.

Къаьсттина дукхавезара цунна дешархойх деша луушверг. Ткъа Шахбулатов Iаднан цо Iамочу берашна юкъахь тоьлла дешархо вара. Лакхарчу классашкахь прозина тIевирзира иза. Школа чекхъяьккхина валале Толстойн, Тургеневн, Достоевскийн, иштта дуккха а кхечеран говзарш ешна ваьллера Iаднан. Цара боккха тIеIаткъам бинера цунна. Хетарехь, композитор ца хиллехь Iаднанах гоьваьлла яздархо хир вара. Амма цкъа ларамаза театре кхачаро, карчийра цуьнан къона дог-ойла.

7-чу классан дешархо вара Iаднан хьехархочо церан класс Iаьнан каникулшкахь Алма-Атарчу Казахийн пачхьалкхан оперин а, балетан а театре йигича. Чайковский Пётран «Лебединое озеро» балет яра гойтуш. Цуьнан музыко дахарехь яккха йисинчу массо а ханна йийсаре лецира кIант. Балет чекхъяьлла театрера араваьлча, еххачу хенахь, кIентан лерехь лаьттара оьрсийн сийлахьчу композиторан башхачу музыкин исбаьхьа аьзнаш. Цо тIеIаткъам бинера цунна, экамечу синан кIоргене кхевдаш, къона дог карзахдоккхуш, ойланаш паналле дIаидош. «Лебединое озеро» балет гинчул тIаьхьа Iаднан Казахийн пачхьалкхан оперин а, балетан а театро мел хIоттийначу спектакле хьожура.

Цунна евзира Даргомыжскийн, Мусоргскийн, Глинкин музыки тIехь хIиттийна спектаклаш. Музыкех, музыкантех йолу литература еша а волавелира иза лакхарчу классашкахь доьшуш волуш. Бетховен, Моцарт, Вагнер, Верди, иштта кхечу композиторийн дахар а, церан кхоллараллех дерг а довзаро чIагIйира цуьнан музыкех хьерча ойла.

ЦIахь берш шекбевлира оцу ойланех. Нохчийн оьздачу гIиллакхашца доьзал кхиош волчу ден къамел доца дара: «Зудаберийн ловзарш дитий, къонахчун корматалла караерзо хьажа ала цуьнга!», – элира Макас, шен хIусамнене Iаднана лелочунна ша реза воцийла хоуьйтуш.

Юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча, Iаднан махлелоран говзанчаш кечбечу училище деша вахийта лаьара дена. Амма композитор хила Iалашо юьхьарлаьцначу кIанта кехаташ Алма-Атарчу музыкальни училище чуделира.

Юьхьанца училищен директор дуьхьалвелира, нохчий дIаэца меттиг яц шен аьлла, цо дийцарехь, казахийн къомах болу говзанчаш кечбарна лерина бара и дешаран кхерч. Амма Iаднан къар ца велира я юха а ца велира. Цо дIахаийтира училищен директорна Советийн Союзан гражданийн бакъонаш массеран а цхьабосса хилар, нохчийн къоман кегийрхой оцу бакъонашна юьстхатеттар нийса цахилар.

1956-чу шарахь дара иза. Вайнахаца йолу юкъаметтигаш Iедалан а мелла малъеллера. Хьалха лакхарчу дешаран кхерчашка нохчий дIаоьцуш ца хиллехь, Хрущев Никита пачхьалкхан куьйгалле веачахьана, деша баха луучу вайнехан кегийрхошна, мелла а бегIийлаш кхоьллинера. Оцу бегIийлаша аьтто бира Iаднанна училище деша дIахIотта. Оцу муьрехь дикка доьналла оьшуш гIулч яра цо яьккхинарг. Шарахь дийшира кIанта цигахь. Амма лучу хааршна реза вацара.

Цундела 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо яларх пайдаэцна, Соьлжа-ГIала богIучу новкъа велира композитор хила лааро сакIамдина хьийза жима стаг.

Дай баьхначу лаьтта тIехь

ЦIаверза новкъа ваьлла Iаднан, пIелг санна ша цхьаъ вара. Да-нана, йиша-ваша цкъачунна цигахь дисинера, цIенош а, совйолу сал-пал а дIайохка дагахь. Iаднанан ненайиша яра Соьлжа-ГIала цIайирзина. Цунах тоам бина новкъа ваьллера жима стаг. Цунна ца хаьара Соьлжа-ГIалахь музыкальни училище ю-яц.

Тайп-тайпанчу справочникаша тоьшалла дарехь, ХIинжа-ГIалахь юй хиира цунна иза. Цигахь дешар чекхдаккха дагахь цIавогIуш вара жима стаг.

Мел боккха кхаъ хилира цунна Къилбаседа Кавказехь тоьллачарах цхьаъ йолу музыкальни училище Соьлжа-ГIалахь юй хиъча. Амма училище елахь а, Iаднанна оьшу факультет ца хиллера кхузахь а. Алма-Атарчу музыкальни училищехь «теория и музыковедение» отделенехь доьшуш вара иза.

Делахь а, Iаданан ирс хилира Соьлжа-ГIаларчу училищен хьехархо Ашкинази Владимир вовза. Хьехархойн балха тIехь алссам зеделларг долуш волу Ашкинази, хIокхо къамел дIадолийча кхийтира иза мукъамийн хьаьрме ларамза нисвелла цахиларх. Училищехь цхьана шарахь бен дешна воццушехь, цо ша мукъам баьккхина илли дара «Фестивальная» цIе а йолуш.

1957-чу шарахь Москвахь кегийрхойн дуьненаюкъара фестиваль хилира. Цо дог-ойла гIаттийна яздина илли дара Iаднана хьехархочунна хазийтинарг. Цуьнан хаарийн кIоргено цецваьккхина Ашкинази жимачу стагах воккхавийна ца волура. Цунна къеггина тоьшалла дара Ашкинази Владимир къона композитор эцна оцу муьрехь Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр хиллачу Татаев Вахина тIевахар.

Iаднанан хьуьнарех дерг шега дийцича Вахас леррина сацам арабаьккхира Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училищехь теорин а, музыковедин а отделени схьайоьллуш. Дийнна шарахь Iаднан ша цхьаъ вара оцу отделенехь доьшуш. ТIаьхьо шерашкахь-м стамъелира отделенехь доьшучу студентийн тоба.

1960-чу шарахь училище кхиамца чекхъяьккхина велира иза. КIант хьаьгна вара къоман музыкальни культурехь хьаналчу къинхьегамца шен беркате лар йита. Училищехь доьшуш волуш язйина цхьацца музыкальни миниатюраш яра цуьнан. ЛадогIархоша, говзанчаша уьш лаккхара мах хадош, дика тIеоьцура. Амма Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министрана Татаев Вахина Iаднана кхидIа а деша, корматалла кIорггерчу хааршца тIеюза лиира. Цо дукха къахьегнера Москварчу лаккхарчу дешаран кхерчашкахь вайн кегийрхошна меттигаш яха гIерташ. Уьш эрна яйта йиш яцара.

1960-чу шарахь Шахбулатов Iаднан, Буркаев Мовлад, Барахоев Мустафа Москварчу йижарийн ГнесинагIеран цIарах йолчу музыкальни институте деша хьажийра.

Москва шахьарахь

Тахана дуьйцу хезча а теша хала ду Москварчу музыкальни институте деша дIахIоьттина Iаднан юкъараIойлехь Кобзон Иосифца цхьаьна Iийна аьлча. Церан доттагIалла замано а, бохамаша а зийна, дахчийна дара. Боккхачу безамца, иллиалархочуьнга болчу ларамца, Iаднана Йоська олура Кобзонах. Бакъду, вевзинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна, иштта, мерза гергарло-м ца хилла иза.

Курочу дагахь волчу Кобзонна нохчийн амал йовзийтина Iаднана. Оьрсийн артист-м хIетахь а хилла Москвахь вевзаш, дозаллица цIе йоккхуш, тайп-тайпанчу концерташкахь дакъалоцуш, шен башха аз бахьанехь.

Мухха делахь а, шена суьйранна кхоллучунна гIайгIа беш Iаднан хилла кухни чохь. ЦIавогIучу Кобзонна иза гина. Концертера ша-шех воккхавеш вогIучу артиста куро кхоьссина кхуьнга: «Чай доттал суна, кIант! (Пацан)».

Вист ца хуьлуш, пеша тIехь лаьтта чуьйна чайник схьаэцна: «Малахь», – олуш, Кобзонна тIеластийна Iаднана. Кобзон Иосиф каде юхаэккхар бахьанехь висина дукха вага ца веш, лаза ца веш.

Бакъду, цуьнгахь доьналла хилира дов гена ца далийта, мелла а ша вагийнехь а, Iаднанна зуламе ца доккхуш, иза дIадерзо а. ТIаьхьо цу шиннах воккха ши доттагI хилира. Iаднан дика доьшуш хилла. Цунна къеггина тоьшалла ду музыкальни институтан хьалхара курс чекхйолуш цо бина курсовой болх. Иза Соьлжа-ГIалех даьккхина дуьххьарлера илли ду. Оьрсийн маттахь яздина ду иза.

Делахь а, массара цхьабосса дезаш тIе-м лецира иза. Кхузахь суна билгалдаккха лууш кхин цхьа хIума дара. Музыкальни институте деша хьажийна Шахбулатов Iаднан Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министерствос шена тIедиллина декхар кхочушдина Iаш вацара. Зерех чекхваьлла, ВГИК-е деша дIахIоьттира вайн махкахо, кинорежиссер хила Iалашо йолуш. Режиссера Герасимов Сергейс а, цуьнан хIусамнанас, актрисас Макарова Тамарас а Iамош яра Iаднан юкъахь волу курс. Ткъа цара цкъа а ца оьцура шаьш Iамочу курсе похIме абитуриент бен.

Кхиамийн зIаьнаршлахь

1964-чу шарахь къона композитор Соьлжа-ГIала цIавирзира. Хазахетарца тIелецира иза вайн махкахь. Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училищехь доьшуш волуш цо дукха романсаш язйинера Пушкинан, Лермонтовн, Щипачевн, Долматовскийн, иштт а кхечу поэтийн дешнаш тIехь.

Иштта, Шахбулатов Iаднана язйина оцу шерашкахь сюита а яра «Тхан лаьмнашкахь» цIе а йолуш, симфонин оркестрана лерина, кхоьллира фортепьянон нохчийн мукъамийн вариацеш а йолуш. И дерриге а хууш дара мелла а къоман культурица уьйр-марзо йолчунна. Цундела Iаднан Нохч-ГIалгIайн Республикин радиокомитете, музыкальни редакцин куьйгалле хIоттийра. И шераш уггаре а беркате ду аьлла хета къоначу композиторан дахарехь.

Iаднанан цIе гIараяьккхинарг а, халкъана, махкана иза вовзийтинарг а иллешна, эшаршна цо баьхна мукъамаш бу. Ягарйина ца валлал дукха ю Iаднана даьхна иллеш дIааьллачу, эшарш дIалекхначу артистийн цIерш. Уьш вайн махкара хилла Iаш бац. Царна юкъахь бу: Кобзон Иосиф, Сенчина Людмила, Григоренко Нина, Шаронова Валентина, Исакова Нина, Симонова Людмила, Магомедов Султан, Буркаев Мовлад, Дадашева Тамара, Минцаев Мовсар, Усманов Iимран, Токаев Сулейман, иштта дуккха кхиберш а.

Сан ирс хилла и иллеш, эшарш хаза, царах марзо эца, похIме композитор бахьанехь кхиъна йогIучу нохчийн къоман эстрадех дозалла дан.

Суьйранна вайша ца гахь,
Суна хьан аз ца хазахь,
Тийналло хорам бина,
Лелар ву со буьйсанна.
ТIаьхьара алар:
Хьол хаза йоI
Суна ца гина,
Цхьана кIантана
Нанас ца йина…

Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь даьккхина и илли юкъадаьлча мерза кхаъ хилира къоман культура езачарна. Массарна бохург санна, дагахь хууш дара иза. Иштта, хазахеташ ладогIархоша тIелаьцначарах дара Буркаев Мовлада дIаолуш хилла «Ма хала стаг ю хьо!» цIе йолу илли. Iаднанан иллеш юкъадовлале, дукха хьолахь, халкъан мукъамехь декаш дара вайнехан артисташа дIаолу иллеш.

Композиторан корматаллин ницкъ кхечира къоман мукъамийн хатI ца талхош, эстрадин кепаш музыкина юкъаяло. Иза керла гIулч яра къоман музыкальни культурехь.

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-гIа шераш дуьйлалуш Къилбаседа Кавказехь вевзина ца Iаш, СССР-н массо а маьIIехь вевзаш композитор вара Шахбулатов Iаднан. Амма и бакъдерг иштта дара аьлла ца Iаш, Iаднан тIетаьIIина къахьоьгуш вара. Болх бен цунна гуш хIума дацара.

Цхьа говзар язйина валале, кхечунна тIехь къахьоьгуш каравора. Делахь а, цхьана хазачу йоьIан ницкъ кхечира композиторан тидам шена тIеозо. Иза Асуханова Зайнап, Нохч-ГIалгIайн телевиденин режиссер яра. ЙоIана композитор вевза, цуьнан похIме кхолларалла цо шен тидамехь латтайо дукха хан яра. Бакъду, цкъа а ша цуьнга гIур ю, шега иза схьахьожур ву аьлла дагахь дацара цунна. Муьлхха а нохчийн йоI санна, йоккхаейора иза шен къоман иштта похIме композитор волуш.

1971-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 5-чу дийнахь иза Iаднанан хIусамехь, кирхьанна тIехьа лаьтташ яра. Иза ирсе яра шаьш кхоъ цхьаьна долуш: Iаднан, Зайнап, музыка. Амма массо туьйра санна, цкъа чекхдовлуш хиллера-кх ирсан денош а.

Бохаман йийсарехь

Советийн заманахь Буру-ГIалахь хIора шарахь дIахьош музыкальни конкурс яра «Пластинка дружбы» цIе а йолуш.

1973-чу шарахь конкурсан жюрин председатель вара Шахбулатов Iаднан. Эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь, Iуьйранна новкъа велира иза. ДIа ца йоьрзуш суьйренга яхара конкурс. Кхин а чIогIа хьебелира жюрин декъашхой.

Эххар а, конкурсан дерриге а гIуллакхаш дIадерзийна, буьйса яккха хьешацIийне ваха дагахь машен тIе хиира Iаднан. Амма къизачу некъахьовзамо хьешацIийне дIа ца кхачийтира. ХIорш схьабогIучу машен тIе кхин машен кхетта, дагахь доцу бохам хилира. Машен чуьра аракхоьссина хиллера Iаднан. Лаза чIогIа винера, кхаанхьа букъасурт кагдеш.

«Цунна а, шуна а валар гIоле ду! – элира лоьраша. – ГIоттур ву бохург аьттехьа а дац! Меттахь цо мел хан йоккхур ю хууш стаг вац!».

Дуьне кхоьлира Зайнапана, бохамо дог Iовжийра, легашкахь хорам сецира. Амма цо яхь дIа-м ца елира. ХIусамдена шен бIаьргах болуш хин тIадам ца гайтира. Зайнапах шен хIусамден Iаса хилира. Цуьнан бIаьрса, лерса, гIортор хилла дIахIоьттира и оьзда зуда. Схьаалале кхетара Зайнап Iаднанан дагахь долчух. БIаьргаэшара къамел дан Iемира цушинна.

Хан йоцчу хенахь, буса, Iаднана ши бIаьрг схьабиллича набарха и тосалой хьалаэккхара и миска. Буьйса кхаа декъе екъалучу хенахь, наггахь Iаднана книга ешахьара аьлча, Iуьйранна балха яха езар ца хьехош, хазахетарца охьахоий, книга йоьшура цо. Болх, ца бича цабаларна, беш бара.

Оццул халкъана, махкана ша ца кхоош, хьанал къахьегначу Iаднанна юьхьанца хIоттийна пенси 18 сом дара. ТIаьхьо, цIеначу даггара араваьллачу Сулаев Мохьмада гIайгIа бина 80 соьме хьаладаккхийтира иза.

Хаддаза хьеший лаьттачу хIусамехь ахча ца тоьаш меттиг а йогIура. Амма Зайнапа цкъа а цхьана а стагана хаитина-м дац шайгара хьал. Даима а елаелла, екхаелла дуьхьал йолура иза шайн неIаре веанчу хьешана. ХIусамненан амало а, цуьнан синъондалло а мелла дахаре юхаверзийра композитор.

Делан къинхетамца цуьнан пIелгаш болх беш дара, хьекъал а гал ца даьллера. Цара таро лора керла мукъамаш баха, пианинона юххе гIорта де дацахь а.

18 шой, 7 бутт, 7 дей къизачу заьIапалло йийсар лаьцна, меттахь даьккхира композитора. Амма цхьанна а ца гира иза доьналлех воьхна. Некъахьовзамехь цуьнан букъасурт кагдинера, делахь а, бакъволчу нохчийн къонахчун амал кагъян эгIаза хиллера и бохам.

Меттахь волуш язйина Шахбулатов Iаднана шен тоьлла говзарш. Царах цхьаъ ю Венесуэлерчу поэтан В.Магальянесан байташ тIехь цо язйина «Къастар» (Разлука) цIе йолу лирически кантата. Йоккхачу Россехь 1983-чу шеран тоьлла музыкальни говзар лерина ю иза. «Къастар» бахьанехь РСФСР-н Композиторийн союзан совгIат дира цунна.

Нохч-ГIалгIайн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо а, РСФСР-н искусствон хьакъволу гIуллакххо а вара Шахбулатов Iаднан. Йоккха ю цо Нохчийн а, Россин а музыкальни культурехь йитина лар. Адамаллех юьззина ю цуьнан говзарш. Цаьрца вайн къоьжачу лаьмнийн ницкъ, шийлачу шовданийн аьхналла, сийначу бошмийн токхо хаало. Цара адамалле, къинхетаме, комаьршалле кхойкху, сийлахь Даймохк беза Iамаво. Нохчийн къоман дозалла ду Iаднан. Иза Веза-Воккхачу Дала вайна дина совгIат дара, вайн синош хьаста дуьнен чу даийтина. Мел буьрсачу бохамийн дарцехь ша висарх, яхь дIа ца луш, дIатекхийра цо и беза мохь.

Шен экаме са ца кхоош, чIурам санна, ваьгна 1992-чу шеран асаран беттан 4-чу дийнахь вайна юкъара дIавахара иза. Нохчийн къоман культурина эшам хилла Iаш бац и тайпа стаг дIавалар. Делахь а, вайца яха йисина цуьнан исбаьхьа говзарш. Оцу говзаршца хаало композиторан халкъе, махке болу бовха безам. Заманан йохалла нур ца довш вайн дегнашкахь даха дисина Шахбулатов Iаднанан сирла амат.

А.ГАЗИЕВА

№98, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 15-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: