ХIХ-чу бIешарера – таханене

IMG_3667

Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, Нохчийчохь шуьйра даздира гоьваьллачу оьрсийн яздархочун Лермонтов Михаилан 200 шо кхачар. Цунна лерина даздарш, цхьаьнакхетарш хилира Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь, яздархочун цIарахчу оьрсийн драмтеатрехь, республикин лаккхарчу дешаран учрежденешкахь, иштта районийн Культурин цIеношкахь, кхечанхьа. Билгалдаьккхира М.Лермонтов вина де Шелковски районан Парабоч юьртахь а.

Iуьйранна дуьйна дукха адам гулделлера Парабочехь йолчу Лермонтовн цIарахчу музейхь. Цу кертарчу хIусамехь, ХастатовгIеран доьзалехь (шен гергарчу нахехь) 1818, 1820, 1825, 1837, 1840-чуй шерашкахь хьошалгIахь хилла гоьваьлла оьрсийн яздархо. Кхузахь, «Россин культура (2012–2018-гIий шераш)» федеральни программин декъехь а, Лермонтов Михаилан 200 шо кхачарца доьзна а Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а культурин министерствоша Халкъан кхоллараллин марказца цхьаьна вовшахтоьхнера Къилбаседа Кавказан гIалагIазкхийн халкъан кхоллараллин фестиваль. Цигахь дакъалецира Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а, Ставрополан махкарчу а кхоллараллин коллективаша. Фестивалан хьеший бара Москвара схьабаьхкина социально-экономически а, интеллектуальни а программийн Фондан а, Нохчийн Республикин яздархойн союзан а векалш.

IMG_3449

Музейн уьйтIа ма-веллина, аьтту агIорхьа моггIара лаьттара тайп-тайпанчу къаьмнийн культурин марказийн векалш, кхоллараллин коллективаш. Юккъерчу майданах бIаьрг кхетча, лаамаза XIХ-чу бIешаре кхочура. Кхузахь, Лермонтовн заманахь лелийна духарш дуьйхина дIасалелаш бара (Соьлжа-ГIалахь йолчу) яздархочун цIарахчу драмтеатран къона актераш. Церан духарш хилла ца Iаш, лелар, къамел, кечйина месаш – дерриге а дара дIаяхна зама дагайоуьйтуш, дагчохь башха синхьаам кхуллуш.

МогIарехь уггаре а хьалха лаьттачу кхоллараллин коллективо кечбинчу къоман кхачанех хьешаша чам боккхучу хенахь цхьамма кехат-пондар озабо, кхечо йиш локху. КхидIа лаьтта куьйгаговзаллин искусствон гайтам. Кхузахь хьовсархойн тидаме ехкина юьйцина ловзоргаш, кхиийра пхьегIаш, иштта дечигах, кехатах, кхиболчу гIирсех  йина тайп-тайпана хIуманаш. Цул тIаьхьа лаьттачу гIалгIазкхийн къоман коллективо шайн эшарш хозуьйту. КIеззиг дехьа ваьлча, нохчийн духарш дуьйхина кегийрхой лаьтта. Хьеший тIекхоччушехь, нохчийн пондар озош, вота тухуш, хелхаран бал болабо цара. Нохчийн ловзар чекхдаьлча, цIеххьана М.Лермонтовн байташ йоьшуш аз схьахеза цхьанхьара. Уьш йоьшург лохуш дIасахьежа волавелча бIаьрг кхета музейн шолгIачу гIат тIехь, цхьана куьйга лаьцна пелаг йолуш, хьешашка маршалла хоттучу кепара шолгIа куьг а ластош, байташ йоьшучу гоьваьллачу яздархочух Лермонтов Михаилах. Цунна жимма дIанехьа лаьтта поэтана жималлехь дуьйна хазахеташ йолу йоI Лопухина Варенька. РагI хуьйцуш байташ йоьшу цаьршимма. Уьш  хиллера М.Лермонтовн цIарахчу драмтеатран къона актераш. Хазахетарца а, цецбийларца а хьоьжу цаьрга хьеший.

КхидIа тайп-тайпанчу къаьмнийн коллективийн эшаршка ладугIуш, цара вовшахтоьхначу гайтамашка хьовсуш, эххар музейн неIаре кхочу хьеший. Царна дуьхьал арайолу хIара музей вовшахтухуш, экспонаташ гулъеш, дукха хенахь дуьйна къахьоьгуш йолу музейн директор  Темирбулатова Светлана. Хьалха хIиттийна (тIе суьрташ дохку кехат тIеуллу) дечигаш а йолуш, каралаьцна басарш, къоламаш долуш, суьрташ дохкуш бераш Iа учахь. Музей чохь культурин марказаша кечдина тайп-тайпанчу къоман даарех юьззина стоьлаш ю, иштта эшарш лоькхуш, хелхарш деш коллективаш  ю. ХIора а чоьнах бIаьрг тохуьйтуш, хIора хIуманан истори юьйцуш, хьешашна музейхула экскурси йойту С.Темирбулатовас. М.Лермонтовн куьйгайоза тIехь долу кехаташ а, поэтан бераллехь, жималлехь даьхна суьрташ а ду кхузахь. Иштта, Iер-дахарехь цо пайдаоьцуш лелийна цхьацца хIуманаш ю (тускар, пхьегIа, кхиерш). Цул сов, ширачу заманахь нохчаша, гIалагIазкхаша, кхидолчу къаьмнаша  лелийна гIирсаш бу. Масала, дечиган чамда, кхийра кIудалш, эчиган шира иту, и д1.кх.

IMG_3721

ШолгIачу гIат тIехь карабо жима хьалхуо байташ ешна болу поэтан а, цуьнан езаран а васт кхуллуш кечбелла къона актераш. Дукха тера хиларх самукъадаьлла, баккъал М.Лермонтов волуш санна, актераца суьрташ даха сихло хьеший. Музейга хьаьвсинчул тIаьхьа цхьаьна охьабуьссий, уьйтIарчу майданахь кхидIа а дIахьо даздарш. Кхузахь хьешашка маршалла хоттуш, вистхуьлу Шелковски районан администрацин куьйгалхо Израилов Iабдулкъах1ир. «Кху тайпа цхьаьнакхетарш тхуна чIогIа маьIне ду. Нохчийчохь Iаш долчу къаьмнийн культурин тIаьхьало ларъярна а, вешан культурин мехаллаш, ламасташ вовшашна довзийтарна а йоккха хазна юкъавоьллу кху фестивало. Тхайн дайша тхайга схьакхачийна хаза ламасташ ницкъ ма-кхоччу лардо оха. Лермонтов Михаилан 200 шо кхачар а, гIалагIазкхийн халкъан кхоллараллин фестиваль а цхьаьна нисъелла тахана. Цундела тхуна шозза дезде ду хIара. Оха дозалла до тхайн лаьтта тIехь Лермонтов Михаил а, Толстой Лев а санна гоьбевлла нах хилла хиларх а, кхузарчу Iаламо, меттигаша говзарш язъярна церан дегнаш ир-кара хIиттош хилла хиларх а», – элира районан куьйгалхочо. Иштта, фестивалехь дакъалацарна хьешашна баркалла а элира цо.

ГIараваьллачу поэта Рейн Евгенийс, гулбеллачаьрга салам даларца, долийра шен къамел. «Лермонтов Кавказехь кхиъна ву. Кавказаца доьзна ду цуьнан кхоллараллин уггаре а хала, амма чулацаме шераш. Цунна чIогIа дукхадезна нохчийн къам, цу тIехь цхьа а шеко яц сан. Баркалла шуна, хьаша-да тIеэцаран ламаст оццул хаза лелорна. Дала вайн доттагIалла чIагIдойла!», – элира Е.Рейна. Цул т1аьхьа вистхилира Нохчийн Республикин культурин министран заместитель Милькиев Рустам. Цо билгалдаьккхира Нохчийчохь ширачу заманахь дуьйна хьаша-да чIогIа лоруш а, дика тIелоцуш а хилла хилар, цундела, М.Лермонтов юх-юха а вайн махка вогIуш хилла хилар.

Даздарш чаккхене дахча, Парабочан Культурин цIийне кхайкхира хьеший. Цигахь кхарна леррина кечйина стоьлаш яра. Делкъе йинчул тIаьхьа Нохчийн Республикин яздархойн союзан председателан заместительца Шамсудинов Бувайсарца а, яздархочуьнца Мамакаев Эдуардаца а цхьаьна,  Шелковски районан Старогладовски станицехь йолчу Л.Толстойн цIарахчу литературин-этнографин музей  кхечира хьеший.

А.МУСАЕВА

Авторан суьрташ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: