«Ведучи» курорт схьайоьллур ю керлачу шеран 20-чу дийнахь

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дийцаре дира Итон-Кхаьллан кIоштахь еш йолчу «Ведучи» курорте 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 20-чу дийнахь болх дIаболабайтаран гIуллакх.

Цунна лерина дIаяьхьначу кхеташонехь дакъалецира Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волчу министран хьалхарчу заместитела Байсултанов Одеса, Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьера – автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара, промышленностан а, энергетикин а министра Байтазиев Муслима, Акционерийн «Къилбаседа Кавказан курорташ» юкъараллин коьртачу директора Тимижев Хьасана, Акционерийн «Къилбаседа Кавказан курорташ кхиоран корпораци» юкъараллин коьртачу директоран заместитела Якунин Ильяс, кхечара.

«ХIинцале болх беш йолу «Архыз» а, «Эльбрус» а курортийн тIегIанехь болх беш хила езаш ю «Ведучи» а. ХIокху шарахь оцу декъехь дуккха а белхаш бина. Делахь а, курортана оьшуш йолу инфраструктура ярехь вайна хьалха лаьтташ масех проблема ю. Ма-дарра дийцича, уьш хила езаш яцара. Цундела гIишлошъяран декъехь цигахь болх беш берш декхарийлахь бу 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 18-чу дийнахь, кхин тIаьхьататта бакъо а йоцуш, шаьш йийр ю мел аьлла йолу объект йина яьлла хилийта», – билгалдаьккхира Байсултанов Одеса.

Курортан векалша хаийтира токаца кхачояран гIуллакхна шаьш сагатдеш хилар. Цара билгалдаккхарехь, курортана токаца кхачоярна оьшуш йолу трансформаторш хIинца а дIахIиттийна яц, уьш дIахIиттийна ца хилча, канатан некъана тесташ йойла дац.

«Курортана тIебоьду некъ биллар а, «нулевой» декъе болх дIаболабайта мел оьшуш йолу объект яран а болх 80 процентана чекхбаьлла. Цхьацца кхачамбацарш ду, уьш дIадахарехь тхуна Нохчийн Республикин куьйгаллера а, технически заказхочуьнгара а гIо-накъосталла а оьшур ду. Ткъа, курортан векалша сагатдечу гIуллакхан хьокъехь аьлча, билгалдаккха догIу керла трансформаторш масех дийнахь дIахIитториг хилар», – элира Акционерийн «Къилбаседа Кавказан курорташ» юкъараллин коьртачу директора Тимижев Хьасана.

Карарчу хенахь курортан «нулевойн» декъана оьшуш болчу канатан некъан лахарчу декъехь «социйла» кечъяран а, лакхарчу декъехь бIогIамашна тIехь электромонтажан а белхаш дIахьош бу. Иштта, курортан сервисан туш яран болх а чаккхене бирзина – арахьара пенаш кечдеш а, тхов туьллуш а бу белхалой.

Дагадоуьйту Итон-Кхаьллан кIоштарчу Хьачарахь ечу «Ведучи» курортан «нулевой» дакъа болх бан 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 20-чу дийнахь дIадолалург хилар.

Оцу мехалчу гIуллакхна леринчу вовшахтохараллин комитето хIинцале а кечйина «даздаран» белхан план. Цу юкъахь концертан дакъа хилла ца Iаш, конкурсийн а, къийсамийн а дакъош а хир ду.

И.ХАСАХАНОВ

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: