Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь «Дукхапетарш йолчу цIеношкахь урхалла даран компанеша хьашташ кхочушдаран дикалла хIусамийн-коммунальни бахаман-хаамийн пачхьалкхан система» аьллачу темина лерина «горга стол» хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхоша, пачхьалкхан учрежденийн а, бакъонашларъяран органийн а, терго латторан компанийн а векалша, кхечара.
Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а Юкъараллин палатин декъашхочо Солтаев Мансура довзийтира дийцаре дан лерина коьрта гIуллакхаш.
Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Граждански юкъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а советан председатела Алиев Тимура хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь долу гIуллакхаш уггаре а лазамечарех хилар билгалдаьккхира. Иштта, цо дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхуо дIаяьхьначу кхеташонехь наха уггаре а дукха далхош дерг хIусамийн-коммунальни бахаман декъехь долу кхачамбацарш ду аьлла билгалдаьккхина хилар.
– Цхьа а шеко йоцуш, оцу декъехь дIахьош хаддаза гIуллакхаш ду. Герггарчу хенахь и гIуллакхаш кхин а алсам дIадахьа а деза. Уггаре а хьалха бахархошка шен-шен хенахь коммунальни хьаштех алапа дIадалийтарна тIехь терго латто еза, – бохура Т.Алиевс.
Дуккха а дийцира «горгачу стоьлехь» гулбеллачара хIусамийн-коммунальни бахаман хьелаш тодарех а, хьашташ кхочушдарх луш долу ахчана тIехь лерина терго латто езаш хиларх а лаьцна.
Хь.БАХТАЕВА
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо