Нохчийн къоман амалш а, гIиллакхаш а санна кхин дац хIокху дуьненахь. Нохчийн Iер-дахар а, гIиллакхаш а цхьана билггалчу къепехь нисдина лаьттина ду. Цундела дика тидам бича хаало – нохчийн гIиллакхаш атта ца тов кхечу къаьмнех болчу нахана. Бахьанаш шорта ду цу хIуманан, ала дашна, вайн гIиллакхо, воккханиг вогIуш гича, цунна хьалагIаттар вайна тIедиллина ду, кхидолчу къаьмнашкахь дац и хIума.

Иорданехь болчу нохчашна и дика хаьа дела, кхузахь вайчара хийраниг шайна юккъе атта ца вуьту, витахь а, цуьнан къаьсттина шен меттиг хуьлу. Хийраниг хийра лаьтта вайчарна, цо хIуъа леладахь а, хIунда аьлча нохчичунна нохчичуьнца бен синтеме ца хуьлу, къаьсттина нохчийн мотт буьйцуш волчуьнца.
Нохчийн меттан мах оцу меттехь дика го вайна. Ненан матто мел паргIато ло шен адамашна, паргIато йоцург – марзо а, тешам а.
Иорданерчу кегийрхойн дукха нисло хийрачу нахаца цхьаьна хила деза меттигаш, къаьсттина балхахь а, доьшучохь а. Нохчийн кIант бераллехь дуьйна шен нохчийн доттагIашца кхиъна хуьлу, школехь классашкахь нохчий гуттар а цхьаьна хевшина карор бу, мукъачу хенахь а, шайна евзаш, цхьаьна гуллуш меттиг хуьлу, институташкахь а хуьлу изза хьал, иштта кхечанхьа а. Иза муха ду аьлча, нохчий вовшахбевлча мегар боцуш санна лелар ду и. ХIунда хуьлуш ду и хьал – нохчийн кегийрхойн амалш а, ойланаш а цхьатерра хуьлу дела, уьш цхьатерра кхиийна хуьлу дела.
ТIаккха, баккхий хилла, хийрачаьрца юкъаметтигаш нисъелча халонаш гучуйийла юьйлало: амалш вовшашца цанисъялар а, ойланаш цхьатерра цахилар а. Дукхахболчу нохчийн кегийрхоша сагатдеш хIума ду и. ХIокху доккхачу дуьненахь хийрачуьнца юкъаметтигаш лело езаш а хуьлу, тIаьхь-тIаьхьа цунах жим-жима кхета а, хийрачаьрца муха лела деза Iама а буьйлабелла нохчийн кегийрхой.
Дукхахболу кегийрхой школа яьккхина хуьлу, институт яьккхина берш, царел кIезиг, массеран а ца хуьлу деша аьтто. Дукхах болчу нохчаша институтехь компьютеран дешар доьшу, цундела компьютер лелоран говзалла ерш дукха бу кхузахь.
Иштта, куьц-куьцара белхаш а бо нохчийн кегийрхоша: Iедалехь а, кхийолчу меттигашкахь а. Къаьсттина Iедалехь а, эскарехь а алсам бу нохчий, и бахьана долуш дика гIарабевлла а бу вайнаш Иорданехь. ХIунда аьлча, кхузара Iедал дIахIоьттичахьана дуьйна лакхарчу даржашкахь хилла бу нохчий, тешаме а, цIена болх беш а хилар бахьана долуш.
Иорданехь нохчий Iаш болчу ярташкахь евзаш меттигаш ю, кегийрхой цигахь гуллуш. Баккхийчеран а хуьлу шайн гулло меттигаш, еарин дийнахь дукха цхьаьнакхета нохчий. ПIераскан де Иорданехь мукъачу денойх долу дела, шайн самукъадоккхуш, сакъоьруш Iа кегийрхой, ярташкахь берш а дIасабоьлху. Ала дашна, Сувеле юьртара кегийрхой Сухне бохучу юьрта кхарста боьлху, цигарниш Сувеле боьлху. Цу кепара, пIераскан дийнахь рузба-ламаз динчул тIаьхьа а гулло, шайна евзаш йолчу меттигашкахь.
Нохчаша хийраниг шайна юккъе ца витахь а, кхечаьрца зIе таса езаш меттигаш а нисло, арахь я балхахь. Ишттачохь нохчаша шаьш даханчохь шайн меттиг ларйо, шайн гIиллакхаш леладо, хийраниг шайца эвхьаза ца волуьйтуш, олуш дерг нийса дIаолу, шалхонаш а ца лелош. Цу къепехь доьналлица, собарца беха дела безаш, лоруш бу нохчий Иорданехь.
ШИРДО Мохьмад
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо