Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Къоман музейхь Дагестанан музейн-заповедникан «Дагестанан юрт» этнографин комплексан дIасахьочу «Кавказан басарийн дукхалла» суьртийн гайтам хилира.

Гайтам схьабоьллучохь дакъалецира оцу комплексан директоран Iилманан балхехула заместитела Петенина Татьянас, юкъарчу гIуллакхашкахула заместитела Абдуллабеков Амирбека, Дагестанан М.Джемалан цIарахчу исбаьхьаллин училищен директора Камбулатов Мухтара, Россин Федерацин культурин хьакъволчу белхахочо Ильясов Адама, Нохчийн Республикин хьакъволчу суртдиллархочо Тарамов Мусас, иштта суьртийн дукхах болчу авторша, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан искусствийн факультетан студенташа.
Хьовсархойн кхиэле диллина дара тайп-тайпанчу хенашкахь ваьхначу 30 сов авторан 70 сурт. Портретан а, натюрмортан а, живописан а жанрашкахь дехкина дара уьш.
– Дагестан даима а хилла шен похIме суьрташдахкархой болуш. Суьрташкахь цара ларйина шайн къоман культура, фольклор, гайтина Дагестанехь дехачу къаьмнийн цхьаалла, церан васташ. Тхуна дозалла ду аш шайн уггаре а тоьллачу суьрташдахкархойн белхийн гайтам тхан республикехь дIахьош хилар, – элира Ильясов Адама.
– 2013-чу шарахь кхоьллина ю «Кавказан басарийн дукхалла» дIасахьочу суьртийн гайтаман проект. Юьхьанца Дагестанан шахьаршкахь а, кIошташкахь а бен дIа ца хьора оха гайтам. Нахана уггаре а хазахета суьрташ муьлхарнаш ду а хьовсуш, вовшахтухура рогIера гайтам. Проектан лаккхара мах хадабора хьовсархоша, цундела оха шорйира тхайн проект. Дукха хан йоццуш ГIалгIайн Республикин Назрань шахьарахь дIабаьхьира гайтам. Кавказехь дехаш долчу къаьмнийн, наггахь а бен къаьсташ доцуш, цхьатерра ду Iадаташ а, гIиллакхаш а. Нохчийн культура, искусство юххера йовза а, Дагестанан суьрташдахкархойн искусство йовзийта а йолчу Iалашонца даьхкина тхо Нохчийн Республике. Даггара баркалла ала лаьа Нохчийн Республикин Къоман музейн куьйгаллина а, белхахошна а, – элира Абдуллабеков Амирбека.
Гайтам схьабиллинчул тIаьхьа бехха лаьттира студенташ суьртийн хазаллех ца Iебаш, суьрташдахкархойн говзаллин мах хадош, къайленаш яста гIерташ.
«Кавказан бас арийн дукхалла» суьртийн гайтам 2018-чу шеран кхолламан (январь) беттан 24-гIа де тIекхаччалц лаьттар бу.
ВЕГИЕВА Макка
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо