В.Путинан йоккха пресс-конференци

Дерриге а дуьненахь а шена боккха тидам тIебахийтина мехала хилам бара гIуран (декабрь) беттан 15-чу дийнахь Россин Федерацин Президента Путин Владимира дIаяьхьна пресс-конференци.

Иза хIора шарахь дIахьош елахь а, хIинцалерниг шен башхаллаш йолуш яра. Цкъа делахь, Россин Президентан даржехь тIаьхьарчу пхеа шарахь бинчу белхан жамIаш дар а дара иза, шолгIа делахь, 2018-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь вайн махкахь дIахьон болчу Президентан харжамашкахь кандидат хинволчун программин цхьадолу дакъош, Iалашонаш йовзийтар а дара иза.

Цуьнга хьаьжжина, хIинццалц хиллачул алсам бара цигахь дакъалоцуш хилла журналисташ. Аккредитаци йинарг верриге а 1 640 журналист вара. Пресс-конференци 3 сохьтехь 50 минотехь лаьттира. Иза гайтира «Росси 1», «Росси 24», «Хьалхара канал» телеканалаша. Цигахь дакъалоцуш бара иттаннаш пачхьалкхашкара, Россин субъекташкара журналисташ. Царна юкъахь бара Нохчийчоьнан шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш а.

Журналистийн дуккха а хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш а луш, В.Путина дийцира вайн мехкан экономикехь, юьртан бахамехь, социальни декъехь, могашалла Iалашъярехь, дешарехь долчу хьолах, Арктика караерзорехь дечу гIуллакхех, дуккха а кхечунах лаьцна. Довзийтира оцу дакъошкахь нислучу кхачамбацарех а, уьш дIадахаран некъех а лаьцна.

Президента боккха тидам тIебахийтира дуьненаюкъарчу хьолана. Ша аьлча, Шемахь, КНДР-хь, Украинехь, кхечанхьа долчу карзахечу, чолхечу хьелашна. Билгалдехира и хьелаш а маслаIат даран некъа тIе дерзорехь дан дезарш. Кхеташ ма-хиллара, журналисташа хаьттира США-ца йолчу юкъаметтигийн хьокъехь дерг а. В.Путина ма-дарра довзийтира оцу юкъаметтигийн хьал. ЧIагIдира уьш толург хиларх ша тешна хилар.

Сила йолчу пресс-конференцехь хаттарш дан аьтто белира Нохчийчуьрчу журналистийн. Масала, «Грозный» ЧГТРК-н журналистан З.Атаеван Шемара а, Иракъера а цIа далочу берийн, зударийн хьокъехь долчу хаттарна жоп луш, Россин Президента элира: «Иза дика болх бу. Нийса деш гIуллакх ду. Иза мехала гIуллакх ду. Кхузахь цхьа а шеко хила ца еза. Р.Кадыровс деш дерг чIогIа сийлахь а, нийса а гIуллакх ду… Вайн бакъо яц уьш цигахь тесна дита. Делахь-хIета, Рамзана деш дерг дерриге а дика ду. Кхул тIаьхьа а иза дойла цо. Оха цунна гIо дийр ду».

Иштта, вайн махкахошна, къаьсттина нохчийн мотт Iалашбарца, кхиорца бала болчарна боккха кхаъ хилира В.Путина аьллачу хIокху дешнех а: «Адамийн аьтто хила беза ненан мотт Iамо, хуьлийла иза нохчийн, гIезалойн, я муьлхха а кхин мотт…».

Доцца аьлча, Россин Президента шен йоккхачу пресс-конференцехь ца хьахош, тидам тIе ца бохуьйтуш дахаран-Iеран дакъошкара чоьхьарчу а, арахьарчу а политикера цхьа а гIуллакх а ца дисира. ХIетте а, хаттарш дала, цуьнгара жоп хаза лууш берш кхин а дуккха а бара. Де-буьйса лаьцна иза дIаяьхьнехь а уьш кхачор а дацара. Ойла ян хIума ду иза а. Дуй?

Пресс-конференци ерзош В.Путина кхузахь вовшахкхеттарш даггара декъалбира тIедогIуш долчу Керлачу шарца.

Д.АНАДЕВ

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: