Кхелхинчу журналистийн сийнна Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь хIоттийначу мемориальни уьнна хьалха дукха хан йоццуш гулбелира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон белхахой.

Цигахь дакъалоцуш вара лакхахь билгалъяьккхинчу ведомствон министран хьалхара заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, министран заместительш Гудаев Лоьма, Элембаев Iалихан, иштта, Шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхой, журналисташ.
Кхелхинчу журналистийн сийнна хIоттийначу мемориальни уьнна хьалха зезагаш дехкира гулбеллачара.
Шен къамелехь С.-С.Абдулмуслимовс билгал ма-даккхара, оцу журналисташа бакъдош довзийтина бахархошна тIеман уггаре а луьрачу хенахь.
– Вай сий дан хьакъ доллу нах бу уьш. Церан цIерш йицъян бакъо яц вайн. Вайн мехкан, халкъан дуьхьа дIаделла цара шайн дахар. Дала декъалбойла уьш, – элира цо.
Дуккха а дийцира гулбеллачара мехкан дуьхьа шайн синош дIаделлачу журналистех лаьцна.
И гIуллакх дерзийра царна доIа дарца.
Хь.БАХТАЕВА
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо