Даймахкал арахьа

Кхечу махкахь ваьхначунна бен хуур дац Даймахках хьегар синна мел Iаткъаме ду. Нанас шен бераш маракъийла сатуьйсучу кепара сатийсам бу Даймахкана генахь вехачун кийрахь лаьттарг.

Даймахкана сахьийзаш, Урдуне кхаьчначу тхан дайша олура: «Вай делла а дуьсур долуш ду хIара дуьне, дависа, хIара кIеззиг хан Даймахкахь яьккхина елира».

И дешнаш олучу баккхийчу нехан яххьийн гIайгIа а, дохкобовларан сурт а, селхана хилча санна, дуьхьал хIуьтту суна.

Сихонца Мескер-Эвлара, шайн дин дадийна, арабевллачу тхан дайшна цкъа а дага ца деанера шаьш хIора дитте а, ураме а, регIе а тIаьххьара Iадика ян дезна хилар…

Махкана генахь волуш, хIора денна Даймахкана сахьийзар совдуьйлу сан. ГIенахь а, самах а Нохчийчоьнан суьрташ дуьхьалхIуьттуш, дог Iийжар а совдуьйлу. Сан Даймохк, къинтIера балалахь суна, хьуна а, сайн нахана а генахь виси-кх со. Хьо мел хестабарх, хьох ала хьакъдолу дешнаш тоьар дац суна.

«ХIинца хIокху хийрачу махкахь дахаран орамаш тийсина ваьлла со, Даймахке сатийсар а, цига юхаверза йолу ойланаш а лелхор ю ас сайн коьртера», аьлла чIагIвелча, минот а ялале, мел дукха юхаветтаваларх, куьйга корта а лоций, балхара сайн стоьла тIехь караво суна со, дай баьхначу лаьттах ойланаш еш.

Тахана а ишттачу хьолехь айса сайн тидам бина яздо ас хIара дешнаш…

ШИРДО Ткъариг

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: