Шеларчу №10 йолчу школехь а вовшахтоьхна, кхочушдира Этнографин диктант язъяйтаран гIуллакх. Диктант вайн къоман шатайпаналлица а, историца а йоьзна хиларе терра школехь цунна лерина бина кечамаш гуш бара, школин сени чуьра дуьйна. Дешархой, къоман духарш дуьйхина, кечбелла гора, иштта, школин уьйтIахь дуьйна схьахезаш дерш а къоман музыкин аьзнаш дара.

Диктант язъян вогIург тIеоьцуш яра школин директор Узаева Сайдат а, цуьнца цхьаьна директоран кхетош-кхиоран белхан декъехула йолу заместитель Бичаева Роза а. Цхьана хеннахь шина кабинета чохь диктант язъяйта кечйина меттигаш яра.
Цу школин биологин хьехархо Исаева Раисий, математикин хьехархо Закаева Линдий яра диктант язъяйтарна жоьпалле. ХIора кабинета чохь проектора тIехь гойтуш дара Этнографин диктантана делла хаттарш, ткъа уьш 100 дара.
Хууш ма-хиллара жимма хьалхуо Этнографин диктант ерриге а Россехь а язйинера. Ткъа вайн республикехь иштта диктант шозлагIа язъяйтар Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дIахьош дара. Патриотизман юьхь шен Даймахках долчу хааршна тIера дIайолалуш хилар билгалдаьккхинера республикин Куьйгалхочо.
Диктант язъяйтарехь школин коьрта хьаша вара Шелан кIоштан дешаран урхаллин куьйгалхо Мусостов Аюб. Хьехархойн а, дешархойн а могIаре охьа а хиъна диктант язйира А.Мусостовс.
«Иштта этнографин диктант язъяйтар воккхачунна а, жимачунна а пайдехь гIуллакх ду, хIунда аьлча шен Даймохк, халкъ дезар, мехкан юьхь йина баьхна нах бовзарний, шен халкъан истори, географи, этнографи йовзарний тIера долалуш ду» – элира Мусостов Аюба.
Этнографин диктант ерриге а республикехь язъяйтира гIуран (декабрь) беттан 9-чу дийнахь.
Ца хиънарг юхахула хуур ду, коьртаниг кегийрхоша, бала а кхаьчна, Iамийчахьана дуккха а ду вайна довза, дагахь латто а хьакъ дерш.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Шеларчу №10 йолчу школехь Этнографин диктант язъяр
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо