КхоалгIа меттиг яьккхира

ХIокху деношкахь Москван областан Чехов гIаларчу «Чехов» спортан туьшахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь йозаллин 14 категорехь Россехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара къона спортсменаш. Вайн республикера турнирехь дакъалоцуш вара РДЮС-ра 4 спортсмен.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Шен йозаллин категорехь (55 кг.) кхоалгIа меттиг яьккхира вайн махкахочо Архиев Адама. Оцу турнирана вайн спортсмен кечвинарг ву цуьнан тренер А.Макаев. СовгIатхо билгалваьккхира кубкаца, мидалца, Сийлаллин грамотаца.

З.ШИШХАНОВА

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: