ГIуран беттан 20-гIа де, 1898-гIа шо. Одессехь йина Исаева Марем, яздархо, хьехархо.
ХIетахь оцу гIаларчу университетехь доьшуш хилла шен схьавалар Iалхан-Юьртара долу Хакишев Солта. Соьлжа-ГIалара гимнази чекхъяьккхинчул тIаьхьа, болх беш, дешна Ростоверчу пачхьалкхан университетан филологин факультетехь.
Белхаш бина Нохчийн областан дешаран отделан цхьана декъан куьйгалхо, тIаьхьуо областан дешаран отделан куьйгалхо йолуш. Цунна тIехь дара буоберашций, Iуналла доцуш дисинчу берашций кхетош-кхиоран болх вовшахтохар, дукха къахьийгира Марема Нохчийчохь йоза-дешар даржоран декъехь.
1937-чу шарера 1944-гIа шо кхаччалц республикин мохкбовзаран музейн директор лаьтта.
1935-чу шарахь Марема арахоьцу юьхьанцарчу классашна лерина дешаран книга.
30-чу шерашкахь язйира цо «ГIамаран Iин», «Вайн дуьхьа эгнарш» поэмаш.
60-чу шерашкахь цо арахийцира «Ирсан орам», «Ирс кхоллархой» романаш.
Нохчийн зударех дуьххьара лаккхара дешар чекхдаьккхинчарех ю Марем (тхан хьесапашца), дуьххьара министран даржехь хилларг а ю иза, тIаьххьара, нохчийн литературехь роман язйина дуьххьарлера зуда а ю.
Кхелхина 1977-чу шарахь.
ГIуран беттан 25-гIа де, 1935-гIа шо. Шелан кIоштан БелгIатой-Эвлахь вина Киндаров Барон, медицинин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент.
Дешна ГIиргIизойн пачхьалкхан лоьрийн институтехь (1954–1960-гIа шераш). Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн лоьрийн училищехь хьехархо волуш (1960–1966-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн АССР-н могашалла Iалашъяран министран заместителан даржехь (1961–1993-гIий шераш), Нохчийн Республикин социальни хьашташ кхочушдаран министр волуш (1993–1994-гIий шераш).
1995-чу шарахь Нохчийн Республикин ГIишлошъяран урхаллехь цо схьайиллира дарбанан могашаллин туш. Шен балхахь шуьйра пайдаоьцура вайзаманан дарбалелоран кепашца цхьаьна халкъан дарбалелоран ламастех а.
1973-чу шарахь Б.Киндаровс кхиамца чIагIйира медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци, Iилманан 50 сов белхан, кхаа книгин автор.
1997-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент хаьржира. Iилманан а, лоьраллин белхан а лаккхара мах хадош, цунна совгIат динера «За трудовое отличие», «За трудовую доблесть» мидалшца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца. Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а хьакъволу лор ву Б.Киндаров.
Кхалхар хилла 2014-чу шарахь.
ГIуран беттан 28-гIа де, 1930-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вина Дадашев Iабдулла, яздархо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо.
Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь а, Хьалха-Мартан кIоштан газетан редактор, Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан исбаьхьаллин литературина пропаганда яран бюрон куьйгалхо волуш а.
1960-чу шарахь дуьйна I.Дадашевн дийцарш, очеркаш сих-сиха зорбане юьйлу республикански газетийн, «Орга» альманахан, юкъарчу гуларийн агIонаш тIехь. Дуьххьарлера «Хьо вац сан да» книга зорбане елира 1966-чу шарахь.
Цул тIаьхьа цо арахоьцу иттех сов прозин книга: «ГIалат» (1969 ш.), «Цхьана буьйсанна» (1979 ш.), «ТIаьххьара аз» (1984 ш.), «Лаьмнашка некъ» (1987 ш.), «Кхайкхаза хьаша» (1989 ш.), «Зойрбекан шовда» (1980 ш.), «Сатабай» (1994 ш.), «Цакагбелларш» (трилогин хьалхара книга, 2008 ш.). «Юхадерзар» (трилогин шолгIа книга, 2012 ш., зорбане яьлла автор кхелхинчул тIаьхьа).
Халахеташ делахь а, трилоги юьззина зорбане яккха ца ларийра яздархо – цуьнан кхалхар хилла 2010-чу шарахь.
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо