Шайн хаарш зуьйш…

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь бакъонийн диктант дIаяьхьира.

Иза язъяйтарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас, гражданийн юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула а йолчу Советан председатела Алиев Тимура, университетан дешаран-кхиоран балхехула проректор волчу Салгиреев Рустама, экономикин а, бакъонийн а институтан директора, экономикин Iилманийн доктора Эдилов ИбрахIима, вовшахтохаран балхехула цуьнан заместитель волчу Абубакаров Авалус.

Бакъонийн диктант – иза бакъонашкахула шайн хаарш зерхьама мехала гIуллакх хилар билгалдаьккхира Алиев Тимура: – ХIара тайпа диктант мехала хилам бу. Ойла йича, цхьана агIор бакъонашкахула шайн хаарш зен таро ю шун, вукху агIор, дахарехь хIора а стагана довза деза закон,
цунна хаа еза шен бакъонаш а, декхарш а.

Дахарехь муьлхха а киртиг тIехIотта тарло. Иштта меттиг нисъелча, закон а, шайн бакъонаш а хааро гIо дийр ду цунна цунах чекхвала. Бакъонашкахула шайн хаарш муьлхачу тIегIанехь ду хьовса таро ло билгалъяьккхинчу диктанта.

Цуьнан жамIаш хиъначул тIаьхьа, шайна муьлха тема дика хаьа а, муьлха тема ледара евза а хуур ду шуна. Шайна цахуург а, кIезиг девзарг а Iамор ду аш тIаккха. Цхьа а башхалла а йоцуш, стаг муьлххачу а декъехь болх беш велахь а, мехкан закон хаа декхарийлахь ву иза.

Цул тIаьхьа вистхилира Эдилов ИбрахIим.

– Уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, хIокху диктантехь дакъалацар мехала хилар. Билгалъяьккхина диктант маьIне хилам бу. Соьга хаьттича, закон а, шен бакъонаш а цахууш верг иза бIаьрса доцу стаг лара мегар ду. И санначунна дуккха а хIума ца го, дахарехь дIалела а атта дац. Цундела, сема хилархьама шен бакъонаш хаа еза вайх хIоранна а, – элира цо.

– Вайн бахархойн бакъонашкахула долу хаарш зеран Iалашонца дIахьош ю диктант. Мехала ду билгалъяьккхина диктант ерриге а Россехь дIахьош хилар, – бохура А.Абубакаровс

Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, дIайолийра бакъонийн диктант. Оцу диктантехь дакъалецира лакхахь хьахийначу университетан студенташа а, иштта шайн лаам болчу бахархоша а.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: диктантан дакъалацархой

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: