Нохчийн кIентий

Школе доьлхуш,
Я цIа догIуш,
Ловзуш, доьлуш
Бераш го.

Дерриг дицлой,
Цаьрга хьоьжуш,
Самукъадолий,
Лаьтта со.

Соьлжа-ГIала
Куьце ялош,
Доггах дохкуш
Адамаш го.

Цаьрга хьоьжуш
Долчу адамийн
Яххьаш серла
Евлла го.

Дерриг дуьне,
Цец а даьлла,
Вай дечуьнга
Хьоьжуш ду.

Машар безар,
Дуьне дезар
Къинхьегамо
Гойтуш ду.

Лайна хало,
Лайна бала
Хьехош, буьйцуш
Доьлхур дац.

Хьекъал, доьнал
Алсамдоккхуш,
Ваьш лардала
Iемар ду.

Бисмиллица,
АллахI дагахь
Муьлхха гIуллакх
Доладо.

Делан цIарца
Долош мел дерг,
Толам боцуш,
Доьрзур дац.

Дено-дено
Дахар тодеш,
Хьалхахьа вай
Оьхур ду.

Хьал вайн иштта
ДIахIоттийта,
Нохчийн кIентий
Болх беш бу.

МАГОМАДОВ Эми

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: