Кавказерчу къаьмнаша нохчашкара дукха хIума дIаэцна хилар цхьа а шеко йолуш дац. Иза вон лорур дацара, цара шаьш дIаэцнарг маьттаза доккхуш дIагойтуш дацахьара.

Нохчийн кIентан а, йоьIан а хелхар шен доккха маьIна долуш ду, ижу лаца чухьодуш долчу дашочу аьрзунан суртхIоттор санна ду кIанта, йоьIан дог лаца гIерташ, хелхаран бал тийсар.
Кавказхой хилар тIечIагIдан гIерташ санна, вайх лелаш, хелхаран маьIна талхадо Кавказан цхьадолчу кегийчу къаьмнех болчу наха. Вайн хелхарехь йоцу, тIамарш а, гIодаяккъаш а сеттош, цхьа тамашийна кепаш хIиттайо цу наха. ХIетте, уьш церан шайн хелхарш ду аьлла дуьтур дара, цара вайн къоман духарш тIе ца кхийзадахьара.
Таханлерчу дийнахь Кавказах болу дуьненаюкъара кхетам вайца боьзна бу. Вайн чоэш а, холхазан куйнаш а гича, дукхахболчарна уьш нохчий бу моьтту. Цул сов, вай кхоьллина йолу, вайн исторерчу цхьацца хиламех хиттаелла йолу эшарш, кIанцIаре яьхна, лоькхуш ю, шайн цIерш техкина.
Нохчаша хIун дан деза оцу наха лелориг цIена нохчийн культура йоций дIахаийта? Кхайкхорах а, юх-юха дийцарх а адамийн кхетам хийцалур бац. Делахь, хIора къам билгалдоккхург цуьнан ненан мотт бу. Кавказерчу къаьмнаша массара оьрсийн мотт буьйцу. Вай даздаршкахь а, гуламашкахь а вайн ненан мотт бийцахь бен, къасталур дац вай кхечу къаьмнех.
Ткъа вайн мотт муьлхачу хьолехь бу? Цунна жоп ца хууш цхьа а нохчи вац. Леш бу вайн мотт, вай мел бац бохуш кийтарло яхь а.
Масийтта ву нохчийн мотт безаш, цунна чу садилла гIерташ. Со а вара вайн мотт дIабаларна кхоьруш, къар ца луш, иза денбарехь а, кхиорехь а сайн кархдоллург деш. Амма наггахь хетало, Iин чу ца ваха, цхьана куьйгаца куллах тасавелла со кхозуш санна. Вайчарна юкъахь мотт цIена буьйцуш наггахь верг бен ца карийча, айса лелочух хIушт хуьлуш хета.
Мотт ма эбахьара, эдеш долу меттанаш дерриге а гIеллуш ду, аьлча, оьгIаз оьхуш, девне буьйлу цхьаберш. Ткъа ишттанаш муха кхетор бу? Ас-м догдиллина царах.
Сайн дайша бийцина мотт айса сайна Iалашбеш вехар ву-кх. Кхин цхьаьнгга а вайн мотт бийца а, ма эбе а эр дац. Нана йиса хьан, сан ненан мотт…
БАКИР Iабдул-Хьамийд
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо
Юха а… Нана йиса хьан сан ненан мотт… Хӏара сан зорбакъамел деша дешний те цхьамма?
Дешна… ЧIогIа дагах кхеташ ду…
Ассаламу 1алайкум, Бакир Iабдул-Хьамийд!
Нохчийн маттана ахь сагатдар, маттаца доьзначух хьан доглазар, цунна чу садилла лаар а — Дала мукъалахь — зиен довр дац! Ахь яздийриг дайна дац хьуна, хьан йозано беркате стом лур бу!
Бакъдерг аьлча, ала дог1учохь нийса дош ала а ца ларош, сихделла д1алелаш-м ду вай.
Дела реза хуьлда хьуна!