ЖIайхоша а кхиайо шайн культурин туш

Къилбаседа Кавказехь дехачу дукхах долчу халкъийн культураш вовшех мелла а тера йогIуш елахь а, царах хIораннан а культура шен башхаллаш йолуш ю. Ишттачарах ю жIайхойн культура а.

ЖIайхой, хууш ма-хиллара, коьртачу декъана Дагестанехь беха. Делахь а, нохчийн халкъ махках даьккхича дуьйна, лаьмнашкарчу Шаройн кIоштан уггаре а йоккхачу юьртахь Кенхехь а беха уьш.

И юрт жимачу «чIожехь» Iуьллуш ю… Шораллин декъехь «дIасаяьржийла» 500 метр а дацахь а, йохалла 13–14 км дIасаяьржина иза. Цигахь масех маьждиг а, берийн беш а, 3 школа а, библиотека а, спортан майда а, ЖIайхойн культурин туьшан гIишло а ю.

2002-чу шарахь кхоьллина Кенхехь ЖIайхойн культурин туш.

2008-чу шарахь дуьйна оцу туьшан куьйгаллехь ву Хабиров Iела. Цо куьйгалла дечу муьрехь дуьйна туьшо даьхначу совгIаташка хьаьжча гучудолу цунна шен болх, ша лелош долу гIуллакх дезаш а, дош хеташ а хилар. Иза иштта ца хиллехь, Нохчийн Республикин коьртачу совгIатан кавалер а хир вацара иза. Кхуззахь билгалдаккха догIу Iела «Кадыровн орденан» кавалер хилар.

Шаройн а, цуьнца цхьаьна лаьмнашкахь йолчу Итон-Кхаьллан а, Шуьйтан а кIошташкахь дIахьочу культурин мероприятешкахь дакъалаьцна ца Iаш, республикин пачхьенехь а, луларчу Дагестанехь а, ур-атталла, Россинсубъекташкахь а дIахьочу мероприятешкахь дакъалацар а нисло культурин туьшан векалийн.

Оцу мероприятешкахь ЖIайхойн культурин туьшо шайн къоман культура йовзийтарал сов, Нохчийчоь а, республикин «къаьмнийн дуьне» а довзуьйту.

Эшарийн, хелхарийн, музыкин, берийн – масех тоба ю туьшана юкъайогIуш.

Эшарш, хелхарш Iаморал сов, къоман даарш дан а Iамадо туьшахь.

– Стаг, ша миччахь вехаш велахь а, декхарийлахь ву шен къоман Iадаташ, ламасташ довза а, лело а, уьш дуьненна довзийта а, – бохуш дуьйцу Хабиров Iелас, – Тахана тIекхуьучу чкъурана башха мехала а ца хета и хIуманаш. Амма, соьга хаьттича, хIора а стаг Дала цхьана халкъах кхуллуш хилча, оцу халкъан амал, Iадаташ, ламасташ довза а, лара а декхарийлахь хила везаш ву. Иза тIедожийна ду бохург дац сан иза… Со ала гIертарг кхин ду… Дала цхьана хIуманна диний вайх хIораннах а тайп-тайпанчу халкъийн векалш.

Иштта, цо билгалдоккху, шайн туш «жIайхойн» яра аьлла, цкъа а гIо-накъосталла доцуш йитина цахилар: Шаройн кIоштан администраци, Нохчийн Республикин культурин а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а министерствош а ю цунна гIо-накъосталла деш.

И.АДАМОВ

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: