Доьхна денош алссам хилла нохчийн къоман, къаьхьа чам бетталучу, исторехь. Вайн сийлахь-воккхачу поэта Мамакаев Iарбис яздо шен «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолчу поэми тIехь;
Къеначу лаьмнашций, ширачу хьаннашций,
ДIадевлларш хьехадеш, къамел дан йиш хилча,
ТIом гинчу пепнаший, цIий гинчу тIулгаший,
ЛадоьгIург велхавеш, хийла аз хазор дара.
Кхолламо дай, дедай хIетахь ца хьистина.
Вуо хьоьгуш, диканах цара дог ца диллина…
Делан комаьршачу къинхетамах дог цадиллар, нуьцкъала гIортор хилла церан нохчалла цIе йолу сийлахь къилба лардарехь. ВорхIе дайх дисинчу оьздачу гIиллакхаш тIехь хьалакхиънчу хIора нохчичун синбIов хилла эзар шерашкахь лаьттина и къилба. Нохчалла иза уггаре а хьалха яхь ю – шеца, доьзалца, лулахошца, юьртахошца, махкахошца. Цо бакъо ца ло вайна нохчийн къоман Iадатех тила. Осала довла. СагIа деха. Нохчийн сийлахь воккхачу поэтан Сулейманов Ахьмадан цхьа дешнаш ду, доьналлех ца бухуш, Далла дуьхьал баханчу къонахойх аьлла:
Дош ца дохо, шайн дог дохош,
Дош ца дохо, шайн цIа дохош,
Дош ца дохо, шайн дегI дохош…
Собар оьшучохь–сатоха!- боху маьIна ду оцу дешнийн. Доьналлех ма довла боху цара. Рицкъ Делехь хиларх тешар тIедожадо цара. Нохчийн амал ю иштта! Эчигах яьккхина гериг санна чIогIа, онда, нуьцкъала. Вайнехан яздархоша хестийна ца Iаш, вайн мостагIий а шех озаболуьйтуш, цкъа цхьана хенахь дайша ларош схьаеана, таханене схьакхачийна, дегайовхонца тIаьхьенашка схьакховдийна болатан амал ю. Дуьне духуш а йоха, кагъяла, йиш йоцу яхь йолчу нохчичун амал. Массо а хенахь емалдеш хилла вайнехан юкъараллехь сагIа дехар. Хилла дера нохчийн гIиллакхехь гIийла-мискачунна орцаха волуш, цунна гIо-накъосталла деш. Амма юьртахоша, шаьш дагабовлий, доккхуш сагIа хилла иза. ЦIа дан дезахь белхи бой, нускал далийна, керла дахар долош жима стаг велахь, цунна чуьра йийбар вовшахтухий. ЙоI маре йоьдуш, цунна сал-пал вовшахтухий. И дерриге а нохчийн хазачу гIиллакхийн цхьа дакъа ду. Амма ца хилла цхьаммо а, цкъа а, цхьаьнгга а сагIа доьхуш-м. И нохчийн къоман Iадат ду, ХХ-чу бIешарахь чаккхене кхаччалц, йоI-бIаьрг санна лардеш схьадеана низам а ду. Бакъду, ХIХ-чу бIешерашкахь Алексей Петрович Ермоловга ца дан делларг, ХХ-чу бIешерашкахь Иосиф Сталине а, Лаврентий Берияга а ца дан делларг, Борис Николаевич Ельцине дан дели-кх нохчашна тIехь, къинхетамза болийна тIом бахьанехь. Дуьйцийла йоццуш Iаламат даккхий зенаш дира вайна буьрсачу тIамо. Йохийра гIаланаш, ярташ, кIотарш. Охьаэтира цIенош, школаш, больницаш, культурин кхерчаш. ХIаллакдира бехк боцу маьрша адамаш. ТIепаза байначу кIентийн нанойн дегаIийжаме чевнаш хIинца а ерзаза ю. Ткъа хьан лерина вайн экамечу синошна дина зен?! ГIаланашна, ярташна, гIишлошна дина зенаш-м хьалха Дела, шолгIа вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьанехь меттахIоттийнера вай. ЗаьIапалле дирзийна адамийн синош хьеделла-кх метта ца догIуш. Хаьрцина синбIаьвнаш, йоьжна, бIешерийн кIоргенера дозаллица тахнене дайша схьаеана, куралла, къа ца хетачара хьаьшна, когакIел яьхьна нохчалла. Лелошдерг, дуьйцучунна бIостанехьа дирзина хилар къегина тоьшалла ду нохчаллин къилбанах вай тилла хиларан. Цкъа а ца дехна, сагIа деха арадевлла вай тахана. «Iалелай!» олий, цхьамма кехат кхуссу Инстаграмчу, «Вададай!» олий, вукхо шийла орца доккху оццу Инстаграмчу. Цхьанна тIекIел дина цIенош деза, вукхунна «Тойота» машен еза, кхозлагIчунна министран гIант деза… Хьо ма да адаме! Нохчий буй-те уьш? Белахь а, мичахь кхиийна, хьан Iамийна, хьанах масал оьцуш бу?! Дала декъалйойла, тхан денанас, несаршна дов деш, олура: «Кхолла ког ца бахча, даьттан гиби чу Iайг ца боьду!» Кертахь бежана лело деза боху маьIна дара цу дешнийн. Бакъду, хIинца цхьанна а ца лаьа кертахь бежана лело, хох-сарамсекх дIаIотта, ур-аттал, котам тевна хао а. Иттех шарахь «гуманитарка» ларъеш Iийна вайн дукхах болу зударий. Иза дIаяьлча паччахье сагIа деха буьйлабелла. Цо-м лур ду иза. ДIалуш лаьтташ а ду. Цуьнан иза Веза-Воккхачу Дала сагIа дойла! Делахь а, тамашийна хета ши куьг, ши ког, корта болчу нохчичо шен дагара хаийтар, сагIане сатасар нахала даккхар, синхьашташ сел беркъа хилар. ХIаъ! Цкъа кховдий хьоьга и сагIин дакъа! ТIаккха кхин дIа хIун дан деза? Вайнах маца Iийнера Iедало лучуьнга сатесна??? Эзар исс бIе шовзткъе вуьрхIийтталгIачу шарахь, тIехь дай боцуш, шайн доьзалшца цIабирзинчу вайн наноша шаьш ма йира, шайна чуберза лаппагIнаш, цхьаьнгга а сагIа ца доьхуш. Царна ур-аттал даьттан шиша я сирникин бот кховдо цхьа а ма вацара, маьхза цIенош дар хьеха хIунда дора. Лаамаза махкаха баьхна дIабуьгуш, буха дисина цIенош ма ца делла царна маьхза схьа. ХIетте а ма ца дехна цара цхьаьнгга а сагIа. Вай ма атта доьху иза тахана. Ас ца боху и берриге а зударийн бехк бу. Я нохчийн зударий дукха тIех партала бовларна, кху эрчоне вай кхаьчна а. ХIусамдега ша кхабийта ма йоьду зуда маре. ХIинццалц йоьдуш хилла-кх, нохчийн Iадатехь. Бакъду хIинца-м, дукха хьолахь, оцу зударийн кхаба безаш нисло шайн хIусамдай а, царна бина доьзал а.
БIешерашкахь вайн дайша лардина гIиллакхаш гал-морзаха довлар бахьана кхузахь дуй-те? Шайн хIусамнаноша дехча и сагIа, эхь шайна тIера дIадолу моьтту-кх вайн дукхахболчу божаршна. Уьш сама маца бевр бу-те??? ЦIийх дIаийна, амалх доьлла, вайца дисина долуш доллу-кх и сагIа дехар. Ма дастаме ду-кх нохчаша сагIа дехар. Хьаьнггара иза дехахь а. Со-м наггахь шекйолу, Дикаев Мохьмада цкъа мацах яздина могIанаш, баккъал а вайх яздина дуй-те? Я цу сийлахь -воккхачу поэта бийцнарш кхин нохчий хилла-те?..
Нохчо ву со,
Борз ехкинчу буса вина.
ЦIоькъалоьмо шен маьхьарца
Вижинчуьра гIаттийна…
Нанас илли-накха белла
Илли ала векал вина
Нохчийн маттах, нохчийн махках
Берахь дуьйна дозалла дина!
Тахана, яхь йолчу нохчичунна лан Iаламат хала ду, «Нохчийн маттах, нохчийн махках», дайша лийринчу гIиллакхех дозалла дечеран могIарш нилха девлла а, сутара сагIа доьхучеран тобанаш, чангIалкхийн ардангаш санна дебна а. Сийлахьчу нохчийн къоман амалехь цкъа а хилла дацара иза. Хир ду аьлла, цкъа а, цхьанна а дага деана а дацара.
ГАЗИЕВА Аза