Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос хоуьйту…

Наркотикех «пайдаоьцурш» гучубевлла…

ГIуран (декабрь) беттан 15-17-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь а, иштта, Курчалойн, Невран, ТIехьа-Мартан кIошташкахь а республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органаша оперативни-профилактикин белхаш дIахьочу хенахь гучубевлла наркотикех пайдаоьцурш.

Иштта, еккъа цхьана Курчалойн кIоштахь меттигерчу пхеа вахархочуьнгара схьаяьккхина марихуанин а, кIомалан а хьожа йолу ораматийн 150 гр. хIума.

ТIехьа-Мартан кIоштахь 1982-чу а, 1983-чу а, 1988-чу а шерашкахьлерчу бахархошкара схьаяьккхина марихуанин хьожа йолу ораматийн 30 гр. хIума.

Ткъа Невран кIоштарчу 1977-чу а, 1986-чу а, 1992-чу а шерашкахьлерчу бахархошкара 370 гр. барамехь йолу хIума схьаяьккхина. Экспертизал хьалха бечу талламо гайтина и кIомал хилар. Кхуззахь билгалдаккха догIу оцу кIоштарчу бахархошкахь полицин белхахошна карийна болу наркотикийн барам тIаьххьара дIабаьхьначу оперативни-профилактикин белхийн гурашкахь уггаре а боккха хилар.

Кхаа а кIоштарчу бахархошкара схьаяьхна хIуманаш республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертни-криминалистикин туьше дIаяьхьна.

Малар дохкар сацийна

Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша хIокху деношкахь Шуьйтан кIоштахь а дIабаьхьира оперативни-профилактикин белхаш. Уьш дIахьош гучуделира Шуьйтарчу цхьана туьканахь корта бахош долу маларш а, къаьркъа а, спирт а духкуш хилар.

Бинчу талламо гучудаьккхира туьканан долахочун цхьана а кепара малар дохка бакъо цахилар.

Дохказа дисина долу малар (4 шиша къаьркъа а, чохь спирт долу 0,5 мл бараман 8 шиша а) дохийна.

И.ИСЛАМОВ

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: