Ненан мотт безачарна боккха кхаъ хилла «Гоч» журнал юха а арадаларх. Ибрагимов Лоьмас (Канташ), Нохчийчохь шолгIа тIом дIабирзинчул тIаьхьа диллина журнал, цхьацца финансови проблемаш хилла, сецна дара. Къоначу поэтессас Петирова ПетIамата а, цуьнан накъосташа а юха а арахеца долийна иза. Цуьнан коьрта редактор П.Петирова ю.
Дукха хан йоццуш Зорбанан цIийнан актови залехь журналан презентаци хилира. Цигахь гулбеллера вайн республикехь бевзаш болу Iедалан белхахой, яздархой, поэташ, студенташ, кхиберш: шайна юкъахь Нохчийн Республикин Парламентан депутат – I.Нагаев, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Л.Гудаев, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель К.Ибрагимов, Iилманчаш, яздархой, поэташ I.Кусаев, М.Ахмадов, Х.-Б.Борхаджиев, А.Ахматукаев, Ш.Джамбеков, С.-Хь.Дадаев, Б.Шамсудинов, Р.Караев, А.Барзанукаев, З.Эльдерханова, кхиберш болуш.
Мероприяти дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза.
Цо дош делира Нохчийн Республикин Парламентан декъашхочунна, Нохчийн Республикин Къанойн кхеташонан куьйгалхочунна Ахмадов Сайд-Iабдуллина. Цо элира: «Журнал арахеца гIерташ къахьегначарна массарна а Дела реза хуьлда! Боккха чулацам болуш хIума ду хIара хуучарна, ткъа ца хуучарна цхьа зама яьлча хуур а ду. ХIокху чохь гулделларш вайн махкана а, вайн халкъана а пайдехь адамаш ду. Алапа дукха долуш нах бац хIорш. Делан дуьхьа а, тIаьхьалонна беркате а хир дара-кх хIара бохуш, къахьоьгуш бу. Вайна пайдехь дерг бен дуьйцур доцучу хIокхеран сий вай массо хенахь а дан деза. Дуьнена тIерачу дерриге а къаьмнийн дика вайн къоме дIакхачийта арабевлла нах бу журнал диллинарш. Вайн дегIах, сих кхеташ долу хIума схьа а деана хIокху журнала тIе охьадиллина, вайга дешийта. …»
Даима санна, С.-I.Ахмадов шен къамел доIа дарца дерзийра.
Цигахь къамелаш динчара массара а билгалдаьккхира журнал оьшуш хилар а, ненан мотт кхиорехь иза доккха маьIна долуш гIуллакх хилар а.
«Тахана вай гулдалар хир дацара суна улле хIиттина, сан дог-ойла ойъуш, хазанеха санна суна накъосталла деш нах ца хиллехьара, – бохура П.Петировас.
– Церан цIерш яха лаьа суна. Уьш бу А.Газиева, Хь.Умхаев, Х.-Б.Борхаджиев, А.Ахматукаев, Л.Арсалиева, З.Алиева. Суна царна доггах баркалла ала лаьа. Хала киртиг суна тIехIоьттинчу хенахь, цара дог-ойла айъина новкъа яьккхира со. ХIинца хIун дийр дара те аьлла хетачу хенахь вайн къомана пайдехь хир ма дара аьлла, дагадеара суна «Гоч» журнал юха а арахецар. Хь.Умхаевс кхоьллина а яра сан и ойла. Дуьненан литература ерриге а вайн ницкъ кхочучу барамехь вайн матте яккха гIоьртича, оцу берриге а турпалхоша нохчийн мотт буьйцур бу-кха».
Мероприяти чекхйолуш схьакхечира Нохчийн литература кхиоран фондан вице-президент, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан хьехамча Гушакаев Мохьмад. Цо П.Петирована Окуев Шимин 80 шо кхачарна лерина литературни юкъараллин «Лаьмнийн аз» («Голос гор») преми елира шеца цхьаьна мидал а йолуш.
Юкъ-кара артисташа эшарш локхуш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.
Л.ДАУТОВА
№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо