Луларчу регионашкахь

ХIусамашна – 41 сертификат

МАЙКОП. Кху шеран хIутосург (май) бутт чекхболуш Адыгей Республикехь чIогIа догIанаш эхар бахьанехь Лаба, Чехрак, Фарс, Псенифа хиш цIеххьана дистина, лакхадевлира. 780 хIусамчу а, 908 ков-керта а хи делира. Цул сов, даккхий зенаш хилира хIусамийн-коммунальни бахаман а, энергетикин а объекташна, 10 эзар гектарал сов долчу юьртабахаман Iалашонан латтанашна. Иза дерриге а хьесапе а эцна, Россин Правительствос шен сацамца догIанаш эхар бахьанехь зенаш хиллачу бахархойн хIусамашна лерина пачхьалкхан 41 сертификат къастийна. Цу тIетоха догIу Правительствон тIаьхьалонан фондера цкъа лучу ахчанца материальни гIо дарна лерина 123 миллион соьмал сов ахча къастийна хилла хилар. И дерриге а ахча эшам хиллачу адамашна дIакхачийра регионехь.

Пачхьалкхан программийн гурашкахь

ХIИНЖА-ГIАЛА. Федеральни бюджетерчу ахчанца кхачоеш йолу Дагестан Республикин пачхьалкхан программаш кхочушъярна кху шарахь дIаделла цхьайтта миллиард сом гергга ахча. Цунах лаьцна хаамбира регионан Правительствон председателан заместителан, экономика, мохк кхиоран министран декхарш кхочушдеш волчу Юсуфов Раюдина. И ахча билгалдинера пачхьалкхан 12 программа кхочушъярна: федеральни бюджетера 9 миллиард 900 миллион сом, регионан бюджетера – 970 миллион сом. ГIуран (декабрь) беттан 1-ра де тIекхочуш дерригенах а харж йинарг 10 миллиард 113 миллион сом ду я 89,9 процент. Оцу программашна лерина регионан Правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь тидам тIебахийтира къастийначу ахчанах буьззинчу барамехь пайдаэца безаш а, кху шарна билгалдина декхарш дуьйцийла йоццуш кхочушдина хила дезаш а хиларна.

Лелхачу хIуманех латта цIандеш

МАГАС. Кхузахь дIаяьхьначу кхеташонехь Россин герзашца кечбинчу ницкъийн Къилберчу тIеман округан оперативни тобанан куьйгалхочо Алешин Бориса дIахьедира дуьххьалдIа хIокху цхьана шарахь ГIалгIайчуьра 349,8 гектар латтанаш лелхаш йолчу хIуманех паргIатдаьхна хиларан хьокъехь. Лаьттара схьаяьккхина эккхаш йолу 443 хIума. И белхаш коьртачу декъана Джейрахан кIоштан Ханкол, Шандол, Обенски Iинаш чохь кхочушбина. Цо иштта тидам тIебахийтира 2012-чу шарахь дуьйна республикехь лелхачу хIуманех юьртабахаман Iалашонан 1374,9 гектар латтанаш паргIатдаьхна а, эккхаш йолу 1229 хIума схьаяьккхина а хиларна. Иза иштта хьакхалуш ду экономикин мехалчу объектех а. ТIейогIучу хенахь а и белхаш дIабахьа безаш хиларца доьзна регионан куьйгалхочо кIоштийн администрацешна тIедиллира и мехала гIуллакх деш болчарна бегIийла хьелаш кхоллар, адамийн кхерамазаллина юьззина кхачояр.

Керла гибрид

НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь кхоьллина йоццачу хенахь кхиъна йовлуш йолчу хьаьжкIийн керла гибрид. Иза къаьсттина мехала ю аьхке еха йоцучу регионашна. Цуьнан кхиар 100 дийнал сов ца хуьлу. Гибридан зераш дIадахьа билгалдина Россин центральни декъехь а, Сибрехахь а. Герггарчу шерашкахь керлачу хIуьца ГIажарийчоьнна а, Хонкарна а кхачоян ойла йолуш бу кхузара латталелорхой.

Дуга кхиорна ахча къастийна

ЭЛИСТА. ГIалмакхойчоьнан Правительствон Председатела Зотов Игора чIагIдарехь, тIедогIучу шарахь шозза гергга алсам дер ду дуга кхиорна къастийна ахча – 15,5 миллион соьман барамехь: федеральни бюджетера 7 миллион сом, меттигерчу бюджетера – 8,5 миллион сом. Иштта, хьесапе эца деза кху шарахь дугалелоран дакъа кхиорна лерина хилла дерриге а бохург санна ахча федеральни бюджетера къастийна хилла хилар: 7,4 миллион соьмах 7 миллион сом. Оцу тайппана шайн гIайгIабарна хьакъ доллу жоп делира регионехь дуга кхиорехь дакъалоцуш болчара а. 14 эзар тоннан барамехь дара иштта шех олуш долу кIайн деши, хьалха хIоттийна хилла декхар кхиамца кхочуш а деш.

Мехала цхьаьнакхетар

ЧЕРКЕССК. Россин Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев а, Кхарачойн Чергазийн Республикин куьйгалхо Темрезов Рашид а цхьаьнакхеттачу хенахь шина куьйгалхочо коьрта тидам тIебахийтира «Къилбаседа Кавказан федеральни округ кхиор» аьлла йолу пачхьалкхан программа республикехь кхочушъярехь тIедогIучу шарахь кхочушдан дезачу декхаршна. Пачхьалкхо а, бизнесо а санехь гIуллакхаш деш хиларан масална ялийра регионехь йолу «Архыз» курорт яран проект. Цо бIаьрла гайтина иштта цхьаьнагIуллакхаш даро луш йолу башха тIаьхьенаш. Темрезовс дийцарехь, дуьххьалдIа и проект кхиамца кхочушъеш хиларо таро хилийтина курортехь лакхахь цIе яьккхинчу министерствос вовшахтоьхна «Кавказана юкъаяхка инвестицеш» аьлла бизнес-конференци дIаяхьа.

Керлачу шарна – совгIат

БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу гIалахь гIуллакхна юкъадалийна пхоьазза тIекIелдина кхо цIа, шайна чохь 276 хIусам а йолуш. «Российски доьзална хIусам» аьлла йолчу федеральни Iалашонан программа кхочушъяран гурашкахь (шолгIа мур) 15 эзар квадратни метр хIусамаш йина кхузахь. Царна чохь баха ховшуш болчарна догIанаш дIадала веара регионан Правительствон председатель Тускаев Таймураз а, гIишлошъяран, архитектурин министр Икаев Русланбек а. И программа шайн долахь ноналлин капитал йолчу дукха бераш долчу доьзалшна хIусамашца кхачоярна тIехьажийна елахь а, республикехь алсамбаьккхира программина юкъайогIучу тобанийн барам. Цхьаболчу гражданашна билгалйинера хIусамах бала безачу мехах 10 процентан барамехь субсидеш. Цуьнан гIолацаран Iалашонца регионан бюджетера 20 миллион соьман барамехь ахча къастийра. Цунна шен хазна юкъайиллира 272 миллион соьман барамехь гIоленаш яран ипотечни 160 кредит делла йолчу Россин Сбербанко а. И программа кхочушъяран гурашкахь лакхарчу гIаьтнаш тIерачу заьIапхошна лахарчу гIаьтнаш тIехь хIусамаш къастийра. ГIалин кхечу кIошташкахь вехаш хиллачу масех стеган таро хилира шайн хIусамаш алссам бегIийлаш йолчу хIусамца хийца. Иза дарца республикехь алссам тидам тIебахийта болийна дIасалелар хала долчу адамийн хьашташ кхочушдарна. «Россихойн доьзална лерина хIусам» аьлла йолу программа кхочушъяран шина муьрехь гIалахь гIуллакхна юкъаялийна 25 эзар квадратни метр хIусамаш, иза дарца федеральни центрана хьалха шен декхар кхиамца кхочуш а деш. Цу тIехь саца дагахь а яц регионан Правительство. И программа кхочушъярна тIедогIучу шарна 20 миллион сом ахча къастийна меттигерчу бюджетера.

ГIолацар алсамдаьлла

СТАВРОПОЛЬ. Крайн юьртан бахаман министерствехь дIаяьхьначу кхеташонехь дикачу хIух долу даьхни кхиоран гIуллакхийн мах хадош билгалдоккхура оцу декъехь пачхьалкхо доккха гIолоцуш хилар. Хууш ма-хиллара, дикачу хIух долу даьхни кхиорна боккха тидам тIебахийта болийна регионехь. Цуьнца доьзна меттигерчу юьртабахаман ведомствос «некъан карта» а кечдина. Хьалхарчу рогIехь юхахьаьвсира жерчийн барам дикка алсамбаккхаран таронашка. Оцу Iалашонца пачхьалкхан гIолацаран кепаш хийцар бахьанехь аьтто хилира оцу гIуллакхна къастийна ахчанан барам кху шарахь 205 миллион соьме дIакхачо. Цу тIе 2016-чу шарахь хиллачу тIегIанехь дисина тIаргIа баккхаран декъан гIолацар а – 39 миллион соьман барамехь ахча. Крайхь шурин-товарни фермашна лерина юкъадало кечдина грантийн керла тайпанаш. Оцу Iалашонна меттигерчу бюджетера къастийна 97 миллион сом ахча. ТIедогIучу шарахь хаъал алсамдер ду пачхьалкхо даьхнилелоран декъан гIолацар. ХIинцале а хууш ду цуьнан барам 656 миллион соьме кхочург хилар. Цунах дикачу хIух долу даьхни кхиорна 405 миллион а, тIаргIа баккхарна 83 миллион а сом.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№99, шинара, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: