Регионан прокурора юстицин пачхьалкхан 2-чу классан советника Абдул-Кадыров Шарпуддис дакъа а лоцуш, Грозненски кIоштан суьдехь къастийра РФ-н УК-н 228-чу статьян3-чу декъан «б» пунктаца билгалдина зулам дарна бехкееш йолчу 42 шо кхаьчначу Юсупова Луизина дуьхьал лелийна уголовни гIуллакх.
Суьдехь билгалдаьлла ма-хиллара, 2017-чу шеран 25-чу сентябрехь Грозненски кIоштарчу ГIуларенан эвлайистехь Юсуповас талламан оперативни гIуллакх деш волчу белхахочунна баккхийчу барамашкахь марихуана наркотик йоьхкира. Наркотиках дIаделла ахча цуьнгара схьадаьккхира.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг хьесапе а эцна, суьдо Юсупована юкъарчу рожан товаран колонехь яккха 8 шо хан туьйхира. Иштта 2 шарна доза тоьхна цуьнан паргIатонна а.
Юьхьанцара таллам дIахьочу хенахь уголовно-процессуальни законодательство талхораш хилийтарна пачхьалкхан бехкевархочун д1адолорца, РФ-н УПК-н 29-чу статьян 4-чу декъаца нийса а догIуш, суьдо тIеийцира Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н куьйгаллин цIарах болу сацам.