Маларх баьлла «пайда»

2017-чу шеран гIуран (февраль) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIалин вахархо И. административни бакъонаш талхорна РФ-н КоАП-н 12.26 статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна (транспортана урхалла деш волчо маларх кхетта ву-вац хьажа медицинин талламах чекхвала даржехь волчу белхахочо бина лехам кхочуш цабар) бехке а лерина, административни жоьпалле озийра.

Амма, олуш ма-хиллара, марзделларг дита ницкъ ца кхечира. 16-чу сентябрехь маларх а кхетта, «Лада 217050» маркех йолчу машенна урхалла деш хилла иза юха а сацийра Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н ГИБДД-н некъан-патрульни службин белхахоша.

Дакъалоцуш пачхьалкхан бехкевархо, Ленински кIоштан прокуроран заместитель Джамалханов Руслан а волуш дIаяьхьначу Ленински кIоштан № 4 йолчу суьдан участкан кхеташонехь маслаIатан суьдахочо хьакъ боллу мах хадийра цо динчун. Наркотикаш йохкарна хьалха суьдо кхиэл йина хилар хьесапе а эцна, гIалин вахархочунна чIогIачу рожан товаран колонехь яккха 8 бутт хан туьйхира. Цул сов, шина шарахь машена хьалха хаа йолчу бакъонах а ваьккхина иза.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: