Нохчийн Республикехь тIаьхьарчу хенахь кест-кеста нисдала доьлла комерцин Iалашонашца цхьаболчу цIена боцчу предпринимательша, тайп-тайпанчу организацеша, компанеша («Халяль») «Хьанал» терминах пайдаэцар. Цара тайп-тайпана гайтамаш а дIахьо, «Хьанал» «стандартаца) лехамашца предприяти йогIуш хиларан хьокъехь сертификаташ а хуьлу церан.
ЦIена доцург лелор дика дац. Цундела и санна дерг ца хилийтаран а, хьаштахочун а, сурсаташ арахоьцучун а бакъонаш ларъяран а Iалашонца Нохчийн Республикин Правительствон Председателан А.Эдельгериевн сацамца 2015-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 7-чу дийнахь кхоьллина леррина йолу ведомствошна юкъара комисси. Цо хIоттийна Нохчийчохь Исламан лехамашца догIуш долу «Хьанал» сурсаташ арахецаран а, хьашташ кхочушдаран а система. Оцу комиссин декъашхоша дIахьо луучарна «Хьанал» билгало йолуш сурсаташ арахецарна а, дохкарна а, хьашташ кхочушдарна а оьшуш долу (хила дезаш долу) сертификаташ.
«Нохчийн Республика – Хьанал» Исламан бехкамашца йогIуш хиларан сурсаташна а, хьашташ кхочушдарна а сертификатци яран системин документашка хьаьжна технически регулировани яран а, метрологин а федеральни агентство. Оцу системина 2016-чу шеран хьаьттан (август) беттан 16-чу дийнахь регистраци йина цхьааллин реестрехь.
«Нохчийн Республикин – Хьанал» Исламан бехкамашца йогIуш хиларан хьокъехь сурсаташна а, хьашташ кхочушдарна а сертификат яларца доьзначу гIуллакхашкахула хатта луург хIокху электронни адресца хатта: halalchr@mail.ru
Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин хаамийн-хьесапийн урхалла
№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо