Жимма а школа евзачунна хаьа, школан дахарехь суртдилларан урокаша хІун меттиг дІалоцу. Дукхахьолахь и урокаш луш говзанчаш а, шен Іаморан кабинет а ца хуьлу, школийн куьйгалхоша, дай-наноша оцу хьолана дукха сагатдеш а ца хаало.
Кхин сурт гира тхуна Нажи-Юьртара №8 йолчу гимназехь. Кхузахь Нохчийн меттан денна лерина вовшахтоьхначу гІуллакхехь Іийна, дІадаха тохаделча, гимназин директорна Сабуралиева Йиситина чІогІа лиира тхо рисованин кабинета чохь хуьлийла. Гуш дара цо цунах цхьа шатайпа дозалла деш хилар.
ХІан-хІа, цхьа кечъярхьама кечйина яцара кабинет, пІелг биллал меттиг еса йоцуш, цу чохь дІайиттина хІуманаш дешархоша, шайн хьехархочун Истамулова Амнатан гІоьнца, шайн куьйга йина яра. Цхьанхьа сонехь гезгамаша бара. ХІарам-м дІабаккха мегар дара боху дагчу иккхина ойла чІагІъелла ялале, кхийтира иза а берийн куьйгийн болх хиларх.
«Иштта хуьлу-кха стаг шен метте нисвелча, дуьйцура Йиситас. – Йохка-эцар лелош, шен гІуллакх дан гІерташ йоллура Амнат. Ларамаза хІара сурт дилларна говза юйла хиъча, леррина дешар дешна йоццушехь, цхьана ханна аьлла, схьаялийра ас. ХІумма а дохко а ца яьлла».
Йолийла дацара. Амнат еачхьана, берашна уггаре дукхаезачех хилла дІахІиттина суртдилларан урокаш. Данне а цецволийла дац, кхана Іуьйрре Нажи-Юьртахь керла Захаров гучуваьлла аьлла хазахь. Суртдилларан декъехь берийн похІма кхиорна оьшу хьелаш кхузахь долуш ду.
Шен хаарш а, хьехаран говзалла а лакхаяккхарна тІехь болх беш ша хьехархо а ю. Дукха хан йоццуш Амната чекхъяьккхина Республикин искусствийн колледжан Ойсхарара филиал, хІинца Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан заочни отделене деша яха кечамбеш ю.
Вай олу: «Балхо хазво стаг». Нийса ду иза. Амма стаг шен метте нисвелча, цо белхан меттиг хазъеш а хуьлу. Ишттачех ю Нажи-Юьртара №8 йолчу гимназин суртдилларан хьехархо Истамулова Амнат.
ХЬ.АБАЕВ