чIагIдира шен къамелехь вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Россин МВД-н эскарийн а, подразделенийн а ханна йолчу оперативни группировкин (ВОГО и П) а, Нохчийчоьнан чоьхьарчу г1уллакхийн министерствон коллегин а цхьаьнатоьхначу кхеташонехь. Цигахь иштта дакъалоцуш вара Россин Пачхьалкхин Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан МВД-н министр Алханов Руслан, прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди, Къилбаседа Кавказан регионера контртеррористически операци д1аяхьаран ОГВС-н командующи Власенко Сергей, Россин ФСБ-н Нохчийчохь йолчу урхаллин а, Россин Талламан Комитетан Нохчийчохь йолчу талламан комитетан а, республикехь бакъонаш ларъяран кхечу органийн а векалш.
Цигахь жам1аш дира кху шеран исс баттахь бинчу оперативни, служебни белхан, билгалдехира дан дезаш долу коьрта г1уллакхаш а, планан муьрехь болх ч1аг1бан безаш долу некъаш а.
Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра Нохчийчоьнан бакъонашларъяран органийн белхан. «Шун белхан коьрта жам1 ду хьал синтеме хилар. Амма маггане а мегар дац малдала. Белхан дикалла лакхаяккхарехьа къахьега а, зуламашна профилактика яр жигарадаккха а деза аш. Иза мехала ду республика кхид1а а социально-экономикин кхиорна, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна хиллачу некъаца кхиамца хьалхахьа дахарна», – бохура Р.Кадыровс.
Цо тидам т1ебахийтира регионехь вахабизман а, экстремизман а идеологи яржорна дуьхьал д1ахьош болу болх кхин а ч1аг1бан безаш хиларна. «Тахана х1ора а х1усамехь ю Интернет. Цунах шайт1анаша пайдаоьцу шайн ойланаш марзъеш. Делахь-х1ета, зуламан идеологаш вайна юкъахь бу. Вайн бераш, вежарий, йижарий даима а Интернетах пайдаоьцуш бу. Оцу зуламхойн вуочу 1аткъамна к1ел нисбала тарло уьш. Цундела кхеторан болх д1абахьа беза т1екхуьучу т1аьхьенца. Царна дийца деза Интернет 1илма цахиларх лаьцна, иза хаамийн хьоста бен цахиларх лаьцна. Дукха хьолахь и хаамаш нийса а ца хуьлу. Хьокъала доллу хаарш хилийтархьама деша деза, говзалла караерзо еза, керланиг довза деза, Даймахкана пайде хила веза. Интернет бахьанехь 1илма долуш хир вац. Х1унда аьлча сеташкахь болу дукхахболу хаамаш нийса бу аьлла ч1аг1дан йиш йолуш бац. 1илма долчуьнга бен къасталур бац нийса хаамаш харц хаамех. Цунна оьшу дешар, керланиг 1амор», – элира Кадыров Рамзана.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, каппийн полицейскин а, меттигерчу 1едалан органийн а цхьаьна г1уллакхдаран система тоян еза. «Каппийн полицейскийн службано шайн болх жигарабаккха беза, х1ора куьпехь долу хьал шайна дика девзаш хилийтархьама. Иштта, каппийн полицейскеша тодан деза меттигашкахь долчу 1едалца цхьаьна болх бар, цу юкъахь маьждигийн имамашца цхьаьна болх бар а. Республикехь хила ца еза экстремизман а, вахабизман а, терроризман а хьу. Вайн республика махкахь, массо а аг1ор, синтем болу, уггаре а маьрша регион хила еза», – элира Р.Кадыровс.
Цо иштта юкъадаьккхира вайн некъашкахь долу хьал довзийтаран г1уллакх. Билгалдаьккхира некъан бохамаш лахбарехьа деш дерг а. «Уггаре а хьалха ларъян еза чехкаллин раж. Чехкаллин раж ларъяр т1ехь ду бакъонаш ларъяран органийн белхахошна а, шайгара кхечу водительшна масал а гойтуш. Некъан боламан бакъенаш ларъян еза нускал дуьгуш йоьлхучу машенаша а. Самукъаненна арабевллачарна хаа деза ловзаро шайна закон талхо цхьа а бакъо луш цахилар, некъан боламан кхечу дакъалацархошна зен дан, хьовзам баккха церан йиш цахилар», – бохура Кадыров Рамзана.
Вайн республикин Куьйгалхочо наркоманин а проблемина тидам т1ебахийтийра. Республикехь наркоманаш хила ца беза. Цундела регионе наркотикаш а, уьш шайца йолу молханаш а кхочуш долу некъаш дехкарна берриге а ницкъаш т1ехьовсо беза», – т1едиллира цо.
Шен къамел дерзош кхин цкъа а лаккхара мах хадийра 5-чу октябрехь Соьлжа-Г1алахь эккхийтар динчу зуламхочунна некъ бихкинчу полицин белхахоша шайгара гайтинчу майраллин а, доьналлин а. Цо ч1аг1дира и санначарах лаьцна фильмаш яха езаш хилар, царах лаьцна дийца а, яздан а дезаш хилар. Билгалдаьккхира и зулам дарехь дакъалаьцна зуламхо х1аллакьвинчу полицин белхахочун хьуьнар а.
Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а,
Правительствон а пресс-службехь.
Д.АНАДЕВ
