Хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу шерашкахь Россерчу а, кхечу мехкашкарчу а туристаша шаьш хьошалгIа гIон долчу меттигийн могIаре хIоттайо Нохчийчоь. Цул сов, туристийн барам хIора а шарца алсам болуш бу: 2016-чу шарахь республике 80 эзар турист веанехь а, 2017-чу шарахь 100 эзар сов веана. Иштта, гIуран (декабрь) беттан тIаьхьарчу масех дийнахь 8 эзар турист вогIур ву аьлла, хаам а бу.

Туристашна мохк а, къам а хазахиларх тоам ца хуьлу. Царна шаьш ечу харжашна дуьхьал хьаша-да тIелацаран сервис а еза.
Нохчийчохь хьешийн а, туристийн а хьашташ кхочушдарехь болх беш дуккха а учрежденеш ю, шайна юкъахь хьешацIенош а, ресторанаш а, спортан-туризман комплексаш а, кхиерш а йолуш. Ишттачарах цхьаъ ду Соьлжа-ГIалара «Беркат» цIе йолу хьешацIа.
«Беркат» изза цIе йолчу Республикин махлелоран туьшана юххехь ду. Иза дан долийнера 2010-чу шарахь. Делахь а, цхьацца бахьанашца доьзна, и белхаш масех шарна совцийра. И белхаш чекхдаьхнарг а, хьешийн хьашташ кхочушдарехь тоьлла хьелаш кхоьллинарг а «Чеченстрой» гIишлошъяран компани ю.
ВорхI гIатт долчу «Берката» чохь 74 номер ю, шайна юкъахь: эконом, стандарт, делюкс, люкс номерш а йолуш.
Оцу номершна юкъахь йолчу башхаллех лаьцна дийца дуккха а ду. «Люкс» «экономал» тоьлла ларалуш елахь а, «чохь Iен дика чоьнаш ю хIорш» аьлла, ойла коьрте хьовззал говза, хаза кечйина ю хьешийн хьашташ кхочушдаран тIегIанехь уггаре а лахахь лаьтташ йолу «эконом» а цхьаьна.
Интернета чу а девлла, оцу хьешацIийнан номерх лаьцна наха яздечуьнга хьаьвсича гучудолу царна уьш тайна хилар. ХьешацIийнан а, цуьнан белхахойн а хокъехь йолу шайн ойланаш йовзуьйтучарна юкъахь нохчий а, оьрсий а, немцой а, чинахой а хаало. Цара хестайо «Беркатан» белхахойн говзалла, кхача, номерш.
Белхахой хьешийн хьашташ кхочушдарна леррина Iемина бац боху хьешацIийнан директора Хакимов Iалус.
– ХIокху хьешацIийнан белхахойн говзалла лакхара ю, царна шайн болх а, белхан декхарш а девза олий, хаза дош олуш а, яздеш а нисло сих-сиха. Делахь а, цхьа хIума билгалдаккха лаьа суна… Ас цадийцарх а, вайна хууш ду республика хIинц-хIинца бен когахIоьттина цахилар. Цундела, кхачам боллуш хьешийн хьашташ оха кхочушдо ала хIуттур вац со!.. Амма, бакъду, белхахойх цхьа а хьешийн хьашташ кхочушдаран я туризман сервисан декъехь дешна вац. Цара массара а хьешашна гойтуш дерг нохчийн хьаша-да тIеэцаран гIиллакх а, ламаст а ду. Вайн къоман ламасташ а, гIиллакхаш а, къоман сица йолу оьздангалла а хьешийн хьашташ кхочушдаран а, туризман сервисан а тоьллачу лехамашца йогIуш хилла-кх. Тхан белхахой шайн белхан корматаллин хаарш тIе ца дузуш Iийр бац бохург данне а дац и, – дуьйцу директора.
Нохчийн кхетамехь хьаша-да тIеэцарх дIакъаста йиш йоцуш ду хьешана кхача балар а. Ресторана чу охьадиссича, Iамаркерчу кинош чохь бен гина а йоцучу метте кхочу. Уггаре а хьалха тидам тIебоьдург – бIаьргашна новкъарло еш я пенаш тIехь а, я йийбар тIехь а цхьа а бос цахилар… Нохчийн бустамашца кечбина тхов, пенаш тIе дIаоьхкина Iаламан хазаллин суьрташ, нохчийн а, европахойн а кхачанаш.
ХьешацIийнахь номер лацарна юкъайогIу Iуьйре. Делкъе а, суьйре а шайн чоьтах ян езаш ю. Амма цунах цуьрриг а къаьхкаш бац хьеший, хIунда аьлча, царна хаьа «Беркатан» «кхо седий» бен боций.
«Кхо седа» бен бацахь а, «Беркатан» 7-чу гIат тIехь конференц-зал ю. Иза 100–150 стагана лерина а йолуш, аьнгалин тхов а болуш, гонахарчу пенийн метта аьнгалеш а долуш, хаза кечйина ю.
Пенийн метта долчу аьнгалеша таро ло хьешашна а, конференц-залехь болчарна а 7-чу гIатан локхаллера республикин пачхьенан куц-кепе бIаьрг тоха.
ХьешацIийнан уьйтIахь а, кетIахь а машенийн дIахIуттийла ю. Иштта, уьйтIе цхьана агIор машенийн дIахIуттийло а, вукха агIор садоIийлан «майдано» а йоькъуш ю.
Цул сов, хьешашна лерина терминал а, банкомат а, ши лифт а ю хьешацIийнехь. ХIора а гIат тIера учеш бес-бесара кечйина ю. Тхов тIехь хилла ца Iаш, пенаш тIехь а чиркхаш ду кхозуш. Цул сов, ученийн пенаш сахьташа а, суьрташа а дIалаьцна ду. ХIора а учохь хи молийлаш а, телевизорш а, охьахаа йийбар а ю.
Номерш чохь долчу хьолах лаьцна аьлча, «бошхапан» буха тIехь каналаш гойтуш йолу телевизорш а, WI-FI а, кондиционер а, чуьра телефон а, довха а, шийла а хи а ду. Номерш хIора а Iуьйранна цIанъеш ю.
– Хьешийн хашташ кхочушдарехь дан дезарг довзуьйтуш а, кхечу агIор тхуна мел оьшучу хIуманна тIехь жигара гIо-накъосталла деш а ю Нохчийн Республикин пачхьалкхан «Республикин хьешацIенойн бахаман урхалла» предприяти, – билгалдоккху Хакимов Iалус.
Цо дийцарехь, пачхьалкхан «Республикин хьешацIенойн бахаман урхалла» предприятин дIадолорца республикехь коьрта ларалучу «Грозный-Сити» отелан белхахоша-говзанчаша, шарахь шозза-кхузза, шайн белхан зеделларг довзуьйту «Беркатан» белхахошна.
Чаккхенехь билгалдаккха догIу Хакимов Iалу, хьешацIийнан директор хIоттале хьалха, Республикин махлелоран «Беркат» туьшан коьртачу директоран заместитель лаьттина хилар.
– Кхул хьалха бина болх а, хIара болх а шен башхаллаш йолуш белахь а, айхьа дечо а, лелочо а кхечеран хьашташ кхочушдо бохучу кхетамо дог-ойла ира-кара хIиттайо, кхидIа а къахьега ницкъ а, гIора а, лаам а кхуллу. Иштта, тхан коллектив цхьа доьзал санна бертахь а ю. Цундела болх оха хазахетарца, самукъадаларца бо, – дерзадо Iалус шен къамел.
И.ХАСАХАНОВ
№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо