Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Лараме махкахой!

Даггара декъалдо шу Керлачу, 2018-чу шарца! Вай дIадаьлла шо новкъадоккху бинчу балхах дозалла даран а, Керлачу шарахь кхин а дика хирг хиларх тешаран а ойланца. Чекхдаьллачу шарахь, махкахь экономикин хьал чолхе хиларе хьаьжна ца Iаш, вайн ницкъ кхечира республикин дахаран дерриге а дакъошкахь кхиаран боларш, лах ца долуьйтуш, цхьана тIегIанехь латтийта.

Дикка кхиамаш баьхна агропромышленни комплексехь: юьртан бахаман дерриге а дакъошкахь гайтамаш лакхабевлла. Гуьмсан кIоштахь гIуллакх дан доладелла 1 200 корта хьелий долу шурин-товарни фермин шолгIа дакъа. И проект чIогIа мехала ю Нохчийн Республикин агропромышленни комплекс кхиорна.

Жигарчу боларшца дIадоьдуш ду Нохчийн Республикин гIишлошъяран индустри а, промышленность а кхиор. Вайн аьтто баьлла кхаа шарера ворхI шо кхаччалц хенаш йолчу берийн бошмашка хилла рагI дIаяккха, ширачу а, чохь Iан мегар йоцучу а хIусамашкара нах керлачу хIусамашка а, цIеношка а дIакхалхо. Кхачам боллуш гIуллакхаш деш ду юкъара а, лаккхара а дешар кхиорхьама: еш ю школаш, дуьненаюкъара университет, леррина тидам тIебохуьйту дешаран дикалла лакхаяккхарна.

Вай схьаделла кечдеш ду шеран дерриге а муьрашкахь лаьмнашкахь лыжанаш хехкаран «Ведучи» курортан хьалхара дакъа. Республикехь могашалла Iалашъяр х ь а л х а рч у м о г I а р ш к а хIуттуш ду. Вайн дозалла дарца ала йиш ю Россин Президентан майхьлера указаш 100 процентана кхочушдина аьлла.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Iедалан белхан эвсараллин коьрта гайтам лорура бахархойн Iер-дахаран хьал. Тахана вай жигара кхиош ю социальни агIо. Регионан бахархошна хьалха бина хилла берриге а тIелацамаш дIаса ца таьIаш кхочушбеш бу вай. Туризман декъа юкъа инвестицеш яхкар, агропромышленни комплекс а, гIишлошъяр а кхиор республикин куьйгаллин белхан коьрта агIонаш хилла дIахIиттина. Оцо таро елла вуно яккхий проекташ кхочушъяр дIадоло. Цара таро лур ю бахархошна белхан керлачу меттигашца кхачоян. Вай коьрта толам баьккхина – дерриге а дуьненара бизнесменаш тахана хьашто йолуш бу республике шайн инвестицеш чуян. Шеко йоццуш, иза дикачу агIор хаалур ду регион социально-экономикин кхиорна тIехь.

Чекхдаьллачу шарахь дуккха гIуллакхаш дан аьтто баьлла вайн. Тешна ву, нагахь санна, вай кхидIа а оцу боларшца болх бахь, мал а ца луш, дог-ойла юха а ца йоккхуш, вай кхин а баккхийчу кхиамашка кхочур ду. Уггаре а коьртаниг – лахйийр ю белхазалла, тодийр ду вайн бахархойн Iер-дахар, лакхадоккхур ду зовкх.

Хьомсара доттагIий!

Лаьа Керлачу шарахь шун керла кхиамаш, ирс, могашалла, аьтто хуьлийла. Керлачу шаро дуккха а хазахетарш, дика дог-ойла, токхо йохьийла шуна!

Керлачу шарца, доттагIий!

Керлачу ирсаца!

№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: