Кхин цхьа шо дIадели вайн дахарера. Даима тхан нах а, Даймохк а дагара ца болу, Деле шуна могашалла а, маршо а йоьху хазахетарца.
Тхан нах, тхан Даймохк, Керлачу шарца Дала декъалдойла шу. Ирс-аьтто хуьлда шун дерриге а дахарехь. Дала кхин цхьа а вон ма гойтийла вайн къомана а, Даймахкана а.
Тхан дайша, дин бахьанехь, биначу сацамо Даймахкана гена даьхнехь а, цкъа а дай баьхна латта дицдина я Ислам а, нохчалла а дIатесна лелла дац тхо, Далла бу хастам. Ахьмад-Хьаьжин воI, Нохчийчоьнан Куьйгалхо, Рамзан, Дала декъалвойла хьо Керлачу шарца, ирсе хуьлда хьан дахар. Ахь цIахь бина хийцамаш дерриге а дуьне цецдоккхуш, доккха хIума ду. Бусалба нахана хьо орцах валаро хийла бусалба стеган дог дохдеш, тхуна боккха юьхькIам би.
Урдунан махкахь, вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьхьенех долчу Iедална а дIагайтина вайн дайша нохчийн ийман а, доьналла а. Урдунан мостагIашна тIаьххьалц дуьхьало йинарш даима а вайнаш хилла.
Таханлерчу дийнахь, мостагIий ХIашимийташкара Къудсе дIаяккха гIерта (Къудсе – бусалба нехан хьалхара къилба). Къудсе Iалашъеш дуьххьара гIазотехь кхелхинарш вайнаш бу. Делан дуьхьа лелла стаг даима а декъал хир ву… Дала Iалашвойла хьо, Рамзан!
Дала декъалбойла вайн нах а, вайн Даймохк а!
БАКИР Iабдул-Хьамийд
№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо