Соьлжа-ГIалахь хилира Россин Коьрта ГIура-Дада

ГIуран (декабрь) беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь хилира Россин Коьрта ГIура-Дада. Республикин пачхьенан «хIаваан кевнашкахь» иза тIелецира культурин а, кегийрхойн гIуллакхашкахула а волчу шина министра Дааев Хож-Баудис а, Ибрагимов Iийсас а, иштта, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима а.

Хьаша аэропортера Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Дешаран туьше а, «Дики» цIе йолчу берийн беша а вахара. Оцу шина а учрежденехь тIедогIучу Керлачу шарна леринчу даздаршкахь дакъа а лаьцна, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпане вахара ГIура-Дада. Цигахь цо дIаяьхьира республикин а, федеральни а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна лерина пресс-конференци.

Цул тIаьхьа, республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан тIекхаччалц собар а дина, «Грозный» телерадиокомпанин йоккхачу павильона чохь 500 беро а, нохчийн эстрадин артисташа а, Къоначу хьажархочун театран актераша а дIадаьхьначу «керлачу шеран» даздаршкахь дакъалецира цо.

Суьйранна республикин пачхьенехула кIеззиг экскурси а йина, Россин Коьрта ГIуда-Дада Вологодскан областерчу Великий Устюг гIала дIавахара. Цигахь ду цуьнан цIа-резиденци.

Билгалдаккха догIу Россин Коьртачу ГIура-Дадас Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан «дикачу гIуллакхашкахула волу шен коьрта гIоьнча» аьлла, билгалваьккхина хилар.

И.ИСЛАМОВ

№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: