Дуьххьарлера лайн чимаш охьаэга дуьйладелча, дагна тIера сингаттам дIаайлуш санна а, цхьана туьйране кхаьчча санна а хетало. Берашна хазахетта ца Iаш, баккхийчеран а цхьа шатайпа самукъадолу.

Керла шо тIедогIучу хенахь массеран а – кегийчеран а, баккхийчеран а – цхьатерра самукъадолу. Кегийчеран къаьсттина самукъадолург кечйина йолу базалг а, шайна берийн бошмашкахь я школашкахь луш долу совгIаташ а ду. Хазахетарца ларйо бераша и хан.
Иштта, шен куц-кепаца адамийн бIаьрг хьостуш, къегинчу тайнигашца а, сирла лепачу стогаршца а вуно хаза кечйина лаьтта Соьлжа-ГIалин коьрта базалг. Иза даима а санна исбаьхьа ю. Дикка тидам бан воьлча, ягарйина ца валлал, дукха тайнигаш ю цунна тIетесна. Мел генара а шена тIе бIаьрг хIуттур болуш а, шех бIаьрг бузур болуш а ю иза. Цуьнан локхалла 50 метрал сов ю. Лахьанан (ноябрь) баттахь дуьйна болийра коьрта базалг кечъяран белхаш. Керлачу шеран даздарийн деношкахь кхузахь театральни гайтамаш хир бу.
Тахана керла шо тIеэца а, шех бIаьргтоха баьхкинчарна лепа а кийча ю вайн коьрта базалг. Марша йогIийла хьо, тхан хьоме базалг!
З.ЛОРСАНОВА
№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо