ХIора а книга мехала ю вайна

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис а, республикин Къоман музейн генеральни директора Асталов Вахас а язйина «Нохчийн къоман духарш» книга а, Дааев Хож-Баудис а, республикин Къоман музейн генеральни директоран хьалхарчу заместитела Эльбуздукаева Тамарас а язйина «Нохчийн Республикин декоративан прикладни искусство» книга а йовзийтира республикин Къоман музейхь.

– «Нохчийн къоман духарш» книги тIехь гайтина яханчу заманахь нохчийн божарийн а, зударийн а хилла духарш. Лулахь дехачу кхечу къаьмнех дIатардала а ца гIерташ, масийтта бIешерахь нохчаша лардина духарийн ламаст, хатI. Маре яхазчу а, яханчу а зудчун духарийн билгалонаш еш баьккхина бустам а, тир а хуьлуш хилла. Иштта, кхиазхойн а, кегийрхойн а, гIеметтахIиттинчеран а хуьлуш хилла духарийн башхаллаш. Духаршкахь вайнаха лелийначу говзачу, башхачу, хазачу бустамаша, тир яккхаро кхин цкъа а тоьшалла до, нохчий дукха хьалха дуьйна а шен ондда бух болуш культура йолуш къам хилла хиларна, – бохура хьалхарчу книгин автора Асталов Вахас.

ШолгIачу книгин автора Эльбуздукаева Тамарас книгах лаьцна къамел дIадоладале хьалха баркалла элира книгаш зорбане йохуш ахчанца гIолаьцначу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан куьйгалхочунна Кадырова Айманина.

– «Нохчийн Республикин декоративан прикладни искусство» книги тIехь йовзуьйту дечигах, эчигах, поппарх, тIулгех, экханан неIарх, маIанех вайнехан пхьераша еш хилла хIуманаш. Халахеташ делахь а, царах лаьцна архивийн материалаш кIезиг ю. Делахь а оцу кIеззиг долчо а гойту вайна, нохчий шайна юкъахь цIарна цIеяххана похIме пхьераш болуш массо а заманахь хилла хилар, – элира Тамарас. Шен къамел дерзош цо билгалдаьккхира Нохчийн Республикин декоративан прикладни искусство Россин дуккха а къаьмнийн культурин цхьа дакъа хилар.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш волчу Россин Федерацин Яздархойн союзан декъашхочо Нунуев Хьамзата а, республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Милькиев Рустама а билгалдаьккхира нохчийн культура йовзарехь, Iаморехь оцу шина книго йоккха меттиг дIалоцург хилар.

ВЕГИЕВА Макка

№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: