Герга шершаш дара Керла шо. Бен боьхна зIуганаш санна карзах евллачу ойланаша вой эккхийтинера Мурдалан декъазчу коьртехь. Масех бутт бара цо цхьана жерочух сутара бIаьрг бетта. Амма хьалмасаттарг иза тIеерза туьгуш яцара.
Дайх дисина гIиллакхаш лардарца шена ницкъ беш воцчу Мурдалан зуда, доьзал юьртахь битина, Соьлжа-ГIаларчу масийтта гIат долчу цIеношкахь шен долахь кхаа чоьнах лаьтта петар йолуш ехачу жерочунна тIеваха лаам кхоллабеллера.
Ткъа жерочо, берийн нана йитий дIаяхийта, цхьана кIиранна мукъане а, хьайн ков-керта дIайига со бохура. Шай-кай-йолчу жерочух вала ца лууш, бераший, наний къасто ца лууш боккха бала бара Мурдалехь. Мел чIогIа ойла ярх дан дезачух кхуьуш вацара пекъар. Ткъа цIеххьана гIаьттинчу безамо дагах гел хьийзайора, керлачу дахаре кхойкхуш.
Цхьа буьйса дIа цайолура Мурдална жеро гIенах ца гуш, малхаца йохье дуьйлучу елакъажарца цо хIара карзах ца воккхуш.
ДоттагIех дагавийларх цара деш накъосталла дацара. Мелхо а массара цхьана озехь «ма бохабе хьайн доьзал, нахала вала воллу хьо» олура.
Цхьамма а ойла ца йора Мурдалан кийра морцуш кхехкачу безаман. Доцу бахьанаш лоьхуш Мурдал кега-мерсачу девне вийларх, ийгIина яхана а, цхьана кIиранна мукъане а чуьра арайолуш хIусамнана а яцара.
Мурдала дуьйцучунна тIеерза туьгуш жеро яцара. ТIаккха Мурдалан декъазчу коьртехь цхьа мекара сацам тебира. ЛадоьгIна, ойла йина, иза шен хIусамнене вистхилира.
– Хезий хьуна, хIай зуда, – элира цо, – борз санна тIедогIуш керла шо ду, дагахь доцуш хьаша-да кхочу цу буса, яа хIун ян дагахь ю хьо???
– Ца хаьа суна-м, – элира хIусамнанас, – вайн къен-мискачу тароне хьаьжжина цхьаъ кегор ю-кх. Хьо балхахь воцу пхи шо ду, сан алапа кху берашна хьажжол бен ца хуьлу…
– И хIун къамел ду цхьаъ кегор ю бохург! Оливье боху и диларш ма кегаелахь суна кху чохь, нехан хIусамехь уьш гича, можа бIагор хьаьвзаш ву со… – тIечевхира девне вала гечо лоьхуш волу Мурдал.
– ОхI! ХIинццалца-м эмкало баьIIаш санна чу ма хьерчайора ахь иза, хIинца хIун хили вайна, –цецъелира Мурдалан синакIоргенехь тебначух шек йоцу хIусамнана…
– Чухьерчайора ца ваьллачу денна. Ас хIун дийр ду хьуна кхин хIумма а ян хууш ца хилча. Сан нанас шина пачка туьханах йора яа хIума я цхьа мисхал иза дуьра ца хуьлура…
– Ватта! Шина пачка туьханах хIун йийр ю, шелагчу ботта шовра кечбеш-м яцара иза?
– Ойлае ахь! Хуур ду хьуна… Я хьайн да-нана даьхначу керта цIингаш бан дезара ду хьан! – тIечевхира Мурдал, цIеххьана шега доьссинчу доьналлах цецволуш…
Иза тешна вара дов кхидIа а дахлург хиларх а, хIусамдас юьйцу харцо ца лайна шен зуда ийгIина гIург хиларх а. Амма хIусамнана дуьхьал йист ца хуьлуш чуьра араелира, елхаран къурдаш хорам хиллачу легашкахь сецош. Иза ца кхетара хIусамдас дуьйцучух, цецъюьйлура цуьнан тIаьхьарчу хенахь цхьа тамашийна кIоршаме хийцаваларх. Делахь а берех яла ца лууш собарца садеттара…
ТIекхечира Керла шо. Массо нах карахь долу шо новкъа доккхуш, марзонца, бертахь Керла шо тIеэца кечлуш бара. Ткъа Мурдал хIусамненаца дов даьккхина, иза цхьана кIиранна мукъана а ийгIина дIаяхийтина а керла нускал дало кечлуш вара. Амма гуш бахьана доцуш, берийн нана чуьра арайоккхийла дацара.
Цундела тIедиллинера цо мисканна ши пачка туьха тесна, дуьра боцуш кхача кечбар. И муха кечбийр бу Мурдална шена а ца хааьра. Оьшуш дерг бахьана дара!
Майрачо аьлларг ца дина зуда араяккхарх цхьамма а бехк буьллур бац. Ткъа зуда йоцуш Мурдалан Iойла дац. Зуда ийгIина яханчуьра цо жеро схьаялор ю. Халкъалахь олуш ма хиллара: тIаккха Мурдална баа хьокхам, ловзо чкъург хуьлу.
Оцу ойланашца чувирзира Мурдал, карахь долчу шеран гIуран (декабрь) беттан 31-чу суьйранна. Шен бераша го бина стоьла хьалха Iаш яра хIусамнана. Шортта даарш дара шен йолчу таронца мискано кечдина. Амма цхьа хIума шена гуш санна Мурдал дера вист хилира: схьагайтал зуда, ши пачка туьха тесна, дур ца беш айхьа кечбина кхача. Со сайн дешан да ца хилча вер вац, я кху диларех Iехалур а волуш вац…
Дуьхьал йист ца хуьлуш, зудчо охьатаьIна, стоьла бухалара бога схьауьйзира, чохь барз баьккхина кхехкина хIоаш долуш.
– Даахь стаг, – элира хIусамнанас, – ас пхи пачка туьха тесна царна, делахь а уьш дуьра хила декхар-м дац…
Iадийча санна висира Мурдал. Йоьхна, хаьрцина, итт эзар дакъа хилла дIаяхара цуьнан шовкъечу безамо йоьттина гIала. Кхунна керла нускал бIаьрга ган доьгIна ца хиллера тIедогIучу Керлачу шарахь. Зудчо шен хьекъалца бохийна, ворхI ломал дехьа кхоьсси кхунна тIехьарча кечбелла «аьтто»…
МАЬЛХ-АЬЗНИ
№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо