Шелан кIоштахь – кхин а цхьа «Дешаран туш»

Стагна шен дахарехь уггаре а хьалха оьшуш дерг Iилма ду. ТIаккха карабо цунна дахарехь нийса а, атта а некъ.

Вайн республикехь дешаран пхиъ туш ю. Царах цхьаъ Шелан кIоштахь ю. Керла йиначу гIишло чохь кхушара схьайиллина пачхьалкхан бюджетни юккъерчу дешаран учреждени – Шела гIалин «Дешаран туш».

Цуьнан директор ву Шахабов Муса, 1987-чу шарахь цо чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан физикин факультет. ХIетахь дуьйна болх бина Шеларчу №8 йолчу школехь физика хьоьхуш. Директоран заместитель ю лакхарчу коллекционни категорин «Нохчийн Республикин Сийлаллин хьехархо» Дергиева Аминат.

– Кху школехь болх беш 59 хьехархо, техникин белхахо, доьшуш 678 дешархо ву. Юьхь-куьг дуьлуш а, довха-шийла хи а ду ерриге а классаш чохь. Химин, физикин, биологин классашкахь а, юьхьанцарчу ерриге а классашкахь а интерактивни аннаш ду. Нохчийн меттан а, литературин а шиъ класс ю, чохь оьшуш болу гIирсаш болуш.

Кхузахь йоккха спортзал, медицинин кабинет, библиотека, ешаран чоь ю. Жим-жима гулйо исбаьхьаллин литература.

Шеларчу школашкара тоьлла хьехархой бу кхуза схьабалийнарш: Дергиева Аминат, Абуева Бирлант, Мускаева Тамара, Хадыева Раиса, Ильясова Аза, Исмаилова Марет, Эльнукаев Iабдул, Дудаева Зарема, Бибулатов Хьасан, Магомадова Луиза. Уьш шайн белхан зеделларг долу говзанчаш бу. ХIора хьехархочунна тIечIагIвина ву хIинцца университет чекхъяьккхина къона говзанча.

– Школехь цхьа смена ю. Дешар Iуьйранна 8 сахьт 30 минот яьлча дIадолало. Дарсаш делкъал тIаьхьа 2 сахьт даьлча чекхдовлу.

Цул тIаьхьа дIаюьйлало кружокаш, консультацеш, цIахь бан белла йозанан болх бар. Белхан де суьйранна 5 сахьт даьлча чекхдолу, – дуьйцу директоран кхетош-кхиоран балхехула йолчу заместитела Асаханова Мархас.

Тестировани а еш схьаэцна бераш ду кхузахь дерш. Дешаран шо доладелча оцу гIуллакхо гайтира бераш кхиаран а, дешаран а декъехь чIогIа ледара хилар. Дуккха а бераш гонахарчу ярташкара схьалелаш ду. Хьехархоша берриге а ницкъ тIебахийтина уьш кхетош-кхиорна. Схьадиллина дарсаш ду луш.

Кхузахь болх беш ю дуккха а кружокаш. Исламов Хьумида куьйгалла деш ю «Кавказан къаьмнийн хелхарш» кружок. «Радуга» кружокехь берашна Iамадо суьрташ дахка, хIуманаш яра а, тега а, туьтешца хIуманаш юца, куьйга говзаллина, йиш лакха. Ткъа «Радиомир» радиокружокехь Закаев Валида микросхемаш вовшахтаса Iамадо бераш.

Иштта, спортан кружок ю (волейбол, баскетбол). Иза спортзалехь дIахьо, ткъа кхиерш техникин кабинеташкахь. ОБЖ-н (основы безопасности жизнедеятельности) хьехархочо Асуханов Ахьмада дешархой кечбо школашна юкъарчу къийсадаларшна а, конкурсашна а.

– Спортакиадашкахь дакъалаца команда вовшахтоьхна оха. Шелан кIоштахь хинйолчу «Шеран хьехархо» конкурсана кечам бу беш. 6-чу классан дешархочунна Саидова Хедина Сийлаллин грамота елла «Тоьлла ешархо» конкурсехь толам баккхарна.

Бусалба дин нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла, Iадаташ, ламасташ Iамош беш болх бу. Дийнахь сарралц мокъа ца Iа хьехархой а, дешархой а.

Школехь хьалхарчу гIат тIехь йоккха столови ю, 240 меттигна лерина. Цу чохь хаза а, цIена а ду, чуваханчун аравала дог догIур доцуш. Столовехь бераша кхаа муьрехь делкъе йо. Цкъа хьалха хьалхара йиъ класс, юха 5–7 классаш, тIаккха 8–10 классаш. Церан таро ю дийнахь цкъа бовха кхача баа. Таро йоцучу доьзалшкарчу берашна а, да-нана доцучу берашна а яахIума маьхза ю. Кхача чомехь а, мерза а хуьлу.

Шеф-повар Рассуханова Нура, Москвара технологин институт чекхъяьккхина, шен болх бевзаш, безаш, бераш а, церан дай-наной реза хуьлу агIо ларъян хууш ю. Цуьнан накъостий а бу лаккхара дешар дешна, шайн белхан говзанчаш. Церан санитарни книжкаш ю. Цара лардо низам а, цIано а, – дийцира Дергиева Амината.

Геннара хьаьжча а бIаьрг тIехIуттуш ю дешаран туьшан гIишло. Гонаха йина хаза керт а, кертахь доьгIна къона синтарш а ду. ТIеваха асфальтан некъ бу. Машенаш дIахIитто йоккха майда а кечйина.

Боккха юьхькIам бу иштта хаза а, цIена а гIишло чохь дешар а, болх бар а.

Ф.АЛИЕВА

№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: