Боккха иэшам хилла нохчийн Iилманна а, дерриге нохчийн къомана а – гIуран (декабрь) беттан 22-чу дийнахь бакъдуьнена вирзина филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Тимаев Ваха.
Тимаев Ваха вина 1938-чу шеран бекарг (март) беттан 29-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь белхалочун – мехкадаьттанхочун доьзалехь.
1944-чу шарахь нохчийн дерриге а къомаца цхьаьна Юккъерчу Азе кхалхабо кхеран доьзал а.
1955-чу шарахь тIех дика дешарца чекхйоккху Казахстанан Актюбинскан областерчу Темирскан кIоштарчу Шубар-Кудук поселкера юккъера школа. Цхьана шарахь, мехкадаьтта лоьхуш, буру тухучу вышканаш тIехь болх бой, Гурьеверчу физкультурин техникуме деша воьду. Нохч-ГIалгIайн автономи меттахIоттийначул тIаьхьа, техникум Iадда юьтий, сихонца Даймахка цIавоьрзу.
Оццу шарахь (1957-гIа шо) деша воьду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь хIетта схьайиллинчу къоман отделене.
1962-чу шарахь цIечу дипломаца чекхйоккху институт. Студент волуш дуьйна а ша Iилманан балхана охIла хилар гайтина волу хIара вайнехан филологин кафедрехь ассистентан даржехь балхахь вуьту. ХIетахь дуьйна цуьнан дахар оцу кафедрица доьзна дара (еххачу хенахь кафедрин куьйгаллехь а лаьттира иза).
Сиха хилира къоначу Iилманчин кхиаран тIегIанаш тIехула хьалавахар.
1967-чу шарахь Гуьржийн Iилманийн академин Меттан Iилманан институтехь В.Тимаевс кхиамца чIагIйо филологин Iилманийн кандидатан диссертаци.
1984-чу шарахь оццу институтехь филологин Iилманийн докторан диссертаци а чIагIйо.
1986-чу шарахь СССР-н Министрийн Советехь хиллачу Лаккхарчу аттестацин комиссис шен сацамца профессоран цIе ло Iилманчина.
Iилманан 100 сов белхан автор ву В.Тимаев, царна юкъахь масех монографи а ю. Iилманийн гонашлахь къаьсттина мехала лоруш ю «ХIинцалера нохчийн мотт» цIе йолу лаккхарчу дешаран заведенийн студенташна лерина учебник, «Категория грамматических классов в нахских языках» монографи. Меттан Iилманчийн боккха тидам тIебахана ю Магбургехь (1994 шо) хиллачу Iилманан конференцехь цо йина «Структура одной лексической параллели в урартском и нахском языках» доклад. Нохчийн Республикин Iилманийн академис арахецначу «Нохчийн меттан грамматикин» «Фонетика» дакъа яздинарг а ву иза.
В.Тимаевс жигара дакъалоцура вайн махкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дIаяьхьначу Iилманан конференцешкахь. Иштта цо чулацаме докладаш йира Лейденехь (Голланди), Магбургехь, Мюнхенехь (Германи), Москвахь, Тбилисехь, Махачкалахь, Нальчикехь, Буру-ГIалахь, кхечу гIаланашкахь хиллачу конференцешкахь.
Цуьнан Iилманан статьяш зорбане юьйлура «Ежегодник иберийско-кавказского языкознания» журналехь а, кхечу ларамечу изданешкахь а, Iилманан юкъарчу гуларшкахь а.
Къоман шатайпаналла, цуьнан ламасталлин культура, синмехаллаш ларъярехь, дийнна схьаэцча, къоман кхане хилийтарехь матто лелочу маьIнех дика кхетарца, шен дахаран тIаьххьара де кхаччалц Вахас хьанал къахьийгира нохчийн мотт талларехь, хьехарехь, баржорехь. Iедало а, Iилманан юкъаралло а лаккхара мах хадийнера Iилманчин белхан.
1986-чу шарахь цунна елира «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу деятель» сийлаллин цIе.
1994-чу шарахь Магбургехь хиллачу кавказоведийн дуьненаюкъарчу Iилманан конференцехь Кавказоведийн Европерчу юкъараллин декъашхо хаьржира. Иберийско-кавказски меттанаш талларна юкъа йоккха хазна йилларна 1998-чу шарахь Тимаев Вахина делла А.Чикобаван цIарах долу дуьненаюкъара совгIат.
2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин бакъонца волу декъашхо (академик) хоржу иза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат а динера Iилманчина.
Шен хиллачу бIеннаш дешархойн а, нохчийн меттан хьехархойн а, белхан накъостийн а дагахь Ваха висина шен белхан воккха говзанча, мохк а, мотт а бевзаш волу къоман воккха патриот, йоккхачу оьздангаллин стаг а санна.
Тимаев Вахин цIе даиманна яха юьсур ю халкъан иэсехь а, меттан Iилманан исторехь а.
Дала гечдойла цунна!
№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо
Хьакъволу воккха 1илманча а, говза хьехархо а вара Тимаев Ваха! Студенташкара х1умма а оьшуш вацара иза, цара деша ма-дезза дешчахьана!
Дала гечдойла Вахина, къинхетам бойла, ялсаманин ох1ланах войла иза!
Амин йа Аллахӏ! Бакъ ду-кх иза.