Спорт – 2017

Чекхдолуш долу шо билгалдаьлла Нохчийчоьнан спортсменийн бIаьрлачу кхиамашца.

Иштта, кхолламан (январь) беттан 27–29-чуй деношкахь Красноярскехь дIаяьхьначу Ярыгин Иванан цIарахчу паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненаюкъарчу турнирехь хьалхара меттигаш ехира нохчийн охьатохархлатархоша Чакаев Ахьмада (61 кг.), Касумов Исраила (70 кг.).

Чиллин (февраль) баттахь хилира И.Поддубныйн цIарах йолу греко-римски кепара латарехула дуьненаюкъара турнир. Цуьнан толамхошна юкъахь вара нохчийн ши спортсмен: Манцигов Абуязид (71 кг.), Лабазанов Чингиз (75 кг.).

Оханан (апрель) беттан 7–9-чуй деношкахь Хорватин Сплит гIалахь дIаяьхьира езачу атлетикехула Европин чемпионат. Шина а кепара лерича (рывок а, толчок а) 388 кг. айъаро, Европин чемпионан дарже кхачийра Малигов Адам (йозаллин категори – 94 кг.).

Хонкаран Анталья гIалахь дуьненаюкъарчу Гран-При турнирехь дакъалацар беркате хилира нохчийн дзюдоистана Бисултанов Iадланна – тайп-тайпанчу турнирашкахь яьхначу цуьнан иттаннаш мидалшна тIе кхийтира кхин цхьаъ дашо мидал.

Мангалан (июль) баттахь Новороссийск гIалахь дIаяьхьира клубашна юкъахь дзюдон Россин чемпионат. Цигахь хьалхара меттиг яккхарца Европин чемпионатехь дакъалаца бакъо яьккхира Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» клубо. Оццу баттахь Чинин Хух-Хота гIалахь дуьненаюкъарчу Гран-При турниран толамхо хилира Шамилов Якъуб (66 кг.).

Товбецан (сентябрь) баттахь дзюдохула Россин чемпионатехь дашо мидал яккхарца билгалвелира Башаев Тамерлан (100 кг.).

Эсаран (октябрь) баттахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина паргIатчу кепара охьатохархлатарехула дуьненаюкъара командашна юкъахь хьалхеяккхаран турнир. Оцу ларамечу турниран толамхо хилира охьатохархлатархойн «Ахмат» клуб.

Эсаран (октябрь) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIалахь хилира боксехула Россин чемпионат. Цигахь дашо мидалш ехира Абдурашитов Iадлана (64 кг.), Хатаев Шемала (75 кг.). Мидалийн юкъарчу хьесапца (датонаш, йоьзанаш лерича) чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхира боксерийн «Ахмат» клубо.

Лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь хаза кхаъ кхечира Нохчийчу США-н Фресно гIалара – цигахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу турнирехь боксерийн дуьненаюкъарчу федерацин (IBF) версехула дуьненан чемпион хилира Бетербиев Артурах. Оццу баттахь иштта хаза кхаъ кхечира Германин Вупперталь гIалара а – дзюдон клубашна юкъахь Европин чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIаларчу «Эдельвейс» клубо…

Цул сов, латаран ийначу кепашкахула дIахьочу тайп-тайпанчу дуьненаюкъарчу турнирашкахь толаман меттигаш яьхна латархойн «Ахмат» клубан декъашхоша. Иштта кхиамца дакъалаьцна нохчийн къоначу спортсменаша спортан тайп-тайпанчу кепашкахула кхиазхойн а, кегийрхойн а чемпионаташкахь.

И кхиамаш ша-шах хилла бац. Уггаре а хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана спортаца доьзна гIуллакхаш шен тергонехь латтош хиларан беркате тIаьхье ю иза. Ламасте дирзина Россин а, дуьненаюкъарчу а маьIнечу турнирийн толамхой республикин Куьйгалхочо Инстаграмерчу шен агIонехь декъалбар, цаьрца цхьаьнакхетарш дIадахьар, царна мехала совгIаташ дар.

Оцу дерригено а спортсменийн дог-ойла ойъу. Кхин а мехала ду тренировкашна оьшу хьелаш кхоллар. Цхьа а шо чекх ца долу спортан керла объекташ схьа ца йоьллуш.

Чекхдолуш долчу шеран объекташкахь уггаре а мехалчех лара догIу Ахтаев Увайсан цIарах долу Волейболан цIа. 5 эзар хьажархочунна лерина, волейболехула, баскетболехула, спортан кхечу тайпанашкахула муьлххачу тIегIанера къийсадаларш дIадахьа таронаш а, спортсменашна тренировкашна оьшу дерриге хьелаш а долуш, вайн заманан тоьлла спортан объект ю иза.

Гуьмсан кIоштарчу Ойсхара поселкерчу кегийрхошна боккха кхаъ хилла цигахь спортан комплекс схьаелларх. Волейболан, баскетболан, футболан майданаш, бассейн, тренировкаш яран зал йолуш, йоккха гIишло ю иза.

Керла схьайиллинчу спортан объекташна юкъахь ю Веданара езачу атлетикин зал. Спорт кхиорна оьшу дерриге а хьелаш долуш ю Нажи-Юьртан кIоштарчу Бенахь схьайиллина Кегийрхойн дукхахьаштийн тIеман-патриотически комплекс (тренировкийн залаш, футболан стадион йолуш), Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлахь схьайиллина «Ламанан шовда» берийн лагерь.

Билгалдаккха догIу Соьлжа-ГIалахь Дзюдон цIа дан долийна хилар а. ТIедогIучу шарахь и схьаделларо таро лур ю республикехь яьржина йогIу спортан и кеп кхиорехь баккхийчу кхиамашка кхача.

Чекхдолуш долчу 2017-чу шеран спортан дахарера оха далийначу масалша тешаво тIедогIуш долу 2018-гIа шо оцу декъехь кхин а беркате хирг хиларх.

Хь.АБАЕВ

№100, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 29-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: