Нийсса 154 шо хьалха нохчийн халкъо шен оьмарехь уггаре а къаьхьа, ирча бохам лайра. Оцу дийнахь махках ваьккхира веза эвлаяъ Кишин Кунта-Хьаьжа.

Паччахьан Iедало дина инзаре чIогIа зулам дара иза. Машаре а, цIиндаларе а кхойкхуш хиллачу, юкъараллехь чIогIа лоруш, боккха сий-ларам болуш хиллачу динан а, юкъараллин а гIуллакххочун гIолацаран меттана цара цунна, шеца адамаллин хьаса боцу, къиза таIзар дира.
Исламан воккха Iилманча а, устаз а хиларе терра Кишин Кунта-Хьаьжас къеггина лар йитина бусалба умматан а, вайн мехкан а исторехь. Эзарнаш адамаш бусалба дине дерзийна цо. Лекхаволчун некъа тIехь диканаш даран, къинхетаме хиларан, АллахIана муьтIахь хиларан бIаьрла масал хилла цуьнан дерриге а дахар. И бахьанехь дуккха а бусалбанашна везаш а, церан боккха сий-ларам болуш а хилла иза, тахана а ву.
Эвлаяъ махках ваьккхина цхьа бIе ах бIе шо сов хан дIаяьлла. Адамийн масех тIаьхье хийцаелла. Делахь а, Шайхан хьехамаш, Iилма, некъ тахана а шен мехалла дIаялаза, адамаш иймане кхойкхуш, ийманехь чIагIдеш, ойла Далла тIейохуьйтуш, Дела везар совдоккхуш ду. Дерриге а дуьненахь бу цуьнан муридаш. Цара Лекхаволчунна Iамал-Iибадат до, диканаш до, къинхетаме хиларе, нийсоне кхойкху. Цуьнга кхойкхура вай Кишин Кунта-Хьаьжас а.
Эвлаяъ даима а вехар ву вайн дегнашкахь, иэсехь! Дала шен сийлаллехь лакхавоккхийла иза! Дала къайле тойойла цуьнан.
№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо