Кунта-Хьаьжа махках ваьккхина де дагалоцуш

ТIаьхьарчу итт-пхийтта шарахь а санна, хIокху шеран кхолламан (январь) беттан 3-чу дийнахь а Нохчийчохь билгалдаьккхира Кишин а, Хедин а Мубарик-Хьаьжа махках ваьккхина де.

Иласхан-Юьртарчу Хьаьжин муридашна шийла а, ирча а деара 1864-чу шарахь хIара де. Церан дегнаш, бIаьргаш доьлхуш Нохчийчоьнах ваьккхира, царна шайн сил дукха везаш волу, цара къобалвеш лаьцна волу церан устаз.

Хьаьжин муридаша тахана а, кхана а и де дага а лоьцуш, мовладаш а доьшур ду, зуькарш а дийр ду Эртанахь, Иласхан-Юьртахь, Хьаьжин-Эвлахь, Шелахь, Соьлжа-ГIалахь, кхечу шахьаршкахь а, ярташкахь а. ХIара могIанаш яздечу миноташкахь а вайн лере схьахеза Кунта-Хьаьжех йолчу назманан дешнаш:

«Ва хьоьга кхайкхича, баланаш байло,
Хьо вуьйцу ладоьгIча, бIаьргех хи долу,
Дуьненан балина хьо реза хилла,
Махкаха ваьлла хьо,
Ва Кишин Мубарик».

Нохчийчуьра, ткъа иштта, Россин тайп-тайпанчу регионашкара, цу юкъахь ГIалгIайчуьра, Дагестанера, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Аштаркханера, кхечанхьара бусалбанаш баьхкина оцу дийнахь Хьаьжин муридашца цхьаьна хила лууш, церан шовкъечу зуькаршкахь, чIагарехь дакъалаца, дог делхочу, АллахI везар совдоккхучу назманашка ладогIа лууш. Уьш Эртанарчу Баба-Хедин, Иласхан-Юьртарчу Кишин а, МоцIин а, Эвтарарчу Матин а зераташка гIур бу. Хьеший безаш тIеоьцу меттигашкарчу Iедалан векалша, бахархоша, кIоштийн къеданаша, маьждигийн имамаша.

Кишин Кунта-Хьаьжа махках ваьккхина де билгалдаккхарна леринчу гIуллакхашкахь дакъалоцуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийчоьнан бусалбанийн урхаллин куьйгалхо, муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, цуьнан наибаш.

ХIокху денна лерина коьрта гIуллакхаш Соьлжа-ГIаларчу, «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а санна, Веданан кIоштарчу Эртанахь а, Хьаьжин-Эвлахь а, Курчалойн кIоштарчу Иласхан-Юьртахь а дIахьош ду. Селхана а, стомара а дуьйна зераташка оьхуш бу Хьаьжин муридаш. Ткъа Эртана коьртера схьахеза дегIе зуз доуьйтучу назманан мукъам:

Ахь безаш битина хьан гIийла муридаш,
Ва байлахь бу хьуна, ва Кишин Хьаьжа.
Хьайн гIийла муридаш вайн Деле боьхуш,
Орцанца волахьа, Мовсаран ваша.

Д.ХАМЗАТОВ

№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: