«Кхерамазаллин цIа»

Иштта цIе ю бахархой Iаш болчу хIусамашкахь йовхо латторан мур дIаболабелчахьана МЧС-н а, газан службийн а белхахоша дIахьочу гIуллакхан.

«Кхерамазаллин цIа» акцин гурашкахь МЧС-н белхалоша газови службийн белхахошца а, волонтерашца а цхьаьна хIусамашкахь цIерш йийлича уьш дIа муха яйъа еза Iамийра бахархой. Цу тайппана профилактикин гIуллакх Нохчийчоьнан бархI кIоштан – Соьлжа-ГIаларчу Заводской, Хьалха-Мартан, ТIехьа-Мартан, Шелковски, Курчалойн. Грозненски, Соьлжан, Теркан – 12 юьртахь дIадаьхьира.

Лакхахь хьахийначу белхахойн Iалашо яра газан а, кхиболу а йовхо луш болу гIирсаш дIахIитторна бахархой Iамор. Цара теллира уьш дIахIитторан гIуллакх а, кхачам- бацарш дIадахарна оьшуш долу хьехарш а дира.

– ХIара гIуллакх вовшахтоьхначара бахархошка дийхира газан а, тоькан а йовхо луш болу гIирсаш кхерамазаллин бакъенаш лар а еш, леррина лелор. ХIунда аьлча уьш нийса цалелор бахьана долуш хуьлуш бу хIусамашкахь бохамаш, – бохура Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин хьаькама Абдулвахабов Расула.

Цул сов, тIедогIуш дезденош хиларца доьзна, цIеяйъархоша йовзийтира базалг дIахIотторан а, пиротехникин гIирсаш лелоран а бакъенаш. Уьш ларъяр а, сертификат доцу шатлакхаш а, светодиодни гирляндаш а цалелор дийхира цара.

«Кхерамазаллин цIа» гIуллакх дIахьур ду хIусамашкахь йовхо латторан мур чекхбаллалц.

Л.ДАУТОВА

№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: