ХIокху деношкахь Старобжегокай юьртахь (Адыгей) дIаяьхьира олимпийски чемпионан Хуштов Асланбекан сийнна лерина греко-римски охьатохархлатарехула республикин схьайиллина турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россин 12 субъектера 500 спортсмен.
Нохчийн Республикера оцу турнирехь дакъалоцуш 5 спортсмен вара.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Турнирехь вайн махкахой Акаев Лом-Iелас (68 кг) шолгIа меттиг яьккхира. КхоалгIа меттигаш ехира Висаитов Аслана (66 кг), Мусаев Ахьмада (98 кг).
И кхо спортсмен Iамош ву ШВСМ-н коьрта тренер Амаев Мовлди.
«Карарчу хенахь шайн тренерца спортсменаш кечамаш беш бу кестта хинйолчу Россин чемпионатана – элира тхоьца хиллачу шен къамелехь Амаев Мовлдис.
СовгIатан меттигаш яьхнарш билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца, ахчанан совгIаташца.
З.ШИШХАНОВА
№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо