Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь бакъонаш талхорна профилактика ярна лерина Iилманан-практикин конференци дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Шаршуев Джабраила, республикин муфтин заместитела Хабзиев Iаьрбис, физикин культурехула а, спортехула а волчу министран хьехамчас Ахматханов Артура, кхечара.

Хьалхара дош а олуш вистхиллачу Элембаев Iалихана шен къамелехь билгалдаьккхира, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос бакъонаш талхор ца хилийтарехьа динан а, юкъараллин а организацешца цхьаьна кегийрхошца дуккха а цхьаьнакхетарш вовшахтухуш а, дIахьош а хилар.
– Республикехь бакъонаш талхор ца хилийтарехьа жигара болх бу дIахьош. Уггаре а хьалха кегийрхой бу харцновкъа бовларх ларбан безаш. Шен-шен хенахь царна хьехарш дан цхьаьнакхетарш вовшахтухуш хилча уьш сема хир бу, – бохура I.Элембаевс.
Доьзал кхиорехь дас-нанас дан дезарг кхин цкъа а дагадаийтира республикин муфтин заместитела Хабзиев Iаьрбис.
– Дас-нанас бер дуьнен чу даьллачу хенахь дуьйна Iамо дезаш ду. ХIоранна а лаьа, шен доьзал оьзда, гIиллакхе, ийман долуш кхиийта. Шен доьзалхо ийманехь кхиийта лаахь, дукха жимачохь дуьйна цунна ламаз-марха марздан деза, Къуръан Iамо деза. Вайн республикехь кегийрхой кхетош-кхиорехь жигара дIахьош болх бу. ХIораммо а шен чуьра дуьйна дIабахьа беза и болх. Вайна ма-хаъара, кегийрхой вайн кхане ю. Тахана вай уьш кхиоре хьаьжжина хир ю вайн кхане а. Цундела, шайн доьзалшна денна а хьехарш деш, церан терго еш хила беза дай-наной. Хууш ма-хиллара, кхузаманахь интернета чухула динан мостагIаша беш вуон тIеIаткъам бу вайна. Къаьсттина царах ларбан безара вай кегийрхой. Интернета чухула дуьйцуш долчу харцдолчух тешарца а, маларца а, корта бахош йолу молханаш маларца а зуламечу новкъа бовла тарло кегийрхой. Дас-нанас жимачохь дуьйна массо а хIуманца кхачо ян лууш къахьоьгуш кхиабо шайн доьзал. Иза хала а, атта а кхиийначул тIаьхьа, зуламечух дIакхетча мел боккха лазам бу иза. Цундела, и саннарг цахилийта къоначарна тIехь даима а сема терго латто еза. ТIекхуьучу чкъуро ларъян еза нохчалла. Воккхачуьнца ларам хилар, гIиллакх лелор иза сийлахь хила деза хIора а нохчичунна, – дийцира цо.
Конференцехь докладаш йинчул тIаьхьа, цуьнан дакъалацархойн барт хилира бакъонаш талхош долчу гIуллакхех кегийрхой ларбаран Iалашонца цаьрца кест-кеста цхьаьнакхетарш дIадахьа.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: конференцин дакъалацархой
№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо