Республикин культурин дахарехь маьIне лар юьтуш, дIадаха 2017-гIа шо

Шеран мехала хилам лара догIу Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис лахьанан (ноябрь) баттахь Санкт-Петербургерчу дуьненаюкъарчу IV-чу культурин форумехь дакъалацар. Оцу форумехь Х.-Б.Дааевна 2017-чу шеран хьалхарчу эхашаран культурин дахаран хаамийн жигараллин къовсаман «Россин Федерацин 1–2 миллион бахархой болу субъект» номинацехь хьалхара меттиг яккхарна Диплом делира.

Министран Х.-Б.Дааевн тIедилларца культурин учрежденийн белхахойн аьтто хилира республикин дозанал арахьа корматаллин тIегIа лакхадаккха. Масала, Аштаркханерчу пачхьалкхан консерваторехь, Краснодаран пачхьалкхан культурин институтехь, Театран искусствон российски институтехь (ГИТИС), Москван пачхьалкхан культурин иститутехь, Къилбаседа Кавказан пачхьалкхан культурин институтехь. М.Ю.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драмин театран коьрта режиссер хIоттийна Павлов Дмитрий. Дуьххьара иза Нохчийчу веара 2014-чу шарахь М.Хейфецан «Пушкинан камер-юнкер кIелхьарваккха» пьеси тIехь спектакль хIоттош.

2017-чу шеран юьххьехь цо вайн театран сцени тIехь А.Вампиловн «Воккхах волу ваша» спектакль хIоттийра. Иза говза хIоттийна а, хьовсархоша дика тIеэцна а хиларна вайн республикин культурин министра коьрта режиссеран болх тешийра цунах.

МаьIнечу хиламех лара догIу Гуьмсан кIоштан Ойсхарахь а, Теркан кIоштан Лаха-Неврехь а культурин цIенош дар.

2017-чу шарахь дуккха а культурин гIуллакхаш дIадаьхьна. Царна юкъахь ю дуьненаюкъара, ерригроссин, республикин фестивалаш, конкурсаш, конференцеш, иштта, Россин а, дозанал арахьарчу а бевзаш болчу суьрташдахкархойн белхийн гайтамаш.

«Шеран илли» фестиваль дуьххьара 2009-чу шарахь юкъаяьлла. Цу хенахь иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствос а, I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонис а «Шеран илли – 2017» фестиваль нохчийн иллеш а, эшарш а езаш болчара боккха кхаъ хилла тIеийцира.

Классически музыка хазахеташ болчеран самукъадаьккхира Къилба Корейн вевзаш волчу дирижера Хван Ык Сока куьйгалла деш нохчийн пачхьалкхан филармонин симфонически оркестро еллачу концерто. Цара дIалекхира бевзаш болчу композиторийн В.А.Моцартан, Смитан серенадаш а, Р.Паскаевн «Нохчийн мукъамийн попурри» а, кхиерш а.

Нохчийн пачхьалкхан драмин театрехь хIоттийна «Лаьмнел лекха» спектаклан премьера дIаяхьар а шеран коьртачу хиламех лара догIу. Вайн республикин искусствийн хьакъйолчу гIуллакххочо Хь.Ахмадовас хIоттийна яра иза Нохчийн Республикин халкъан яздархочун, драматурган М.Ахмадовн пьеси тIехь. Нохчийн Iадатийн, гIиллакхийн хазалла йовзуьйтуш йолу иза масех хиламах лаьтташ ю. Оцу спектаклан премьера хилла Москварчу Россин кегийрхойн академически а, Дуьненаюкъарчу фестивалан гурашкахь къоман театрийн «Южная сцена» Нальчик гIаларчу музыкин а, Къилбаседа-ХIирийчоьнан «Ирон» а театрийн сценаш тIехь.

Россин регионашкара а, кхечу мехкашкара а хелхарчаш вовшахкхийтира М.Эсамбаевн цIарахчу сольни хелхаран дуьненаюкъарчу фестиваль-конкурсехь. 2017-чу шарахь уьссалгIа дIаяьхьира иза. Цуьнан дакъалацархой хIора шарахь алсамбовлуш бу.

КхозлагIа дIаяьхьира «Бенойн бIаьсте» хIора шеран фестиваль. Цигахь хуьлуш долу «Къоман ловзарш» марафон , ярмарка, говраш хахкар, суьртийн гайтамаш, и.дI. кх. массарна а дукхадезаделла ду.

Республикин бахархой хилла ца Iаш, гонахарчу республикашкара хьеший а хуьлу цигахь. Фестивалан гурашкахь схьабиллира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А.-Хь.Кадыровн сийнна хIоллам, кегийрхойн тIеман-патриоталлин дукхахьаштийн комплекс а, берийн могашалла тояран «Ламанан Бена» лагерь а.

Вайн республикехь хилла тIемаш бахьана долуш, библиотекийн фондашна боккха иэшам хиллера. Уьш тIеюзарна лерина яра республикин гIоьналлин «Ас библиотекина книга ло» акци. Иза вайн республикин ерриге а кIошташкахь дIаяьхьира. Цуьнан Iалашо яра республикин библиотекийн фондаш тIеюзар.

Нохчийн Республикин культурин министерствос «Грозный» телерадиокомпанин гоьнца 2009-чу шарахь дуьйна дIахьош ю «Синмехаллаш» проект. Цуьнан автор ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Проектехь дакъалоцу вайн республикин гIаланийн а, кIоштийн а Культурин цIеноша. Театран постановкашца цара довзуьйту вайн къоман ламасташ а, Iадаташ а, иштта историн хиламаш а.

2017-чу шарахь финале яьллера Шуьйтан а, ТIехьа-Мартан а, Нажи-Юьртан а Культурин цIенойн командаш. Хьалхара меттиг яьккхира Шуьйтарчу, шолгIаниг – ТIехьа-МартантIерчу, кхоалгIаниг – Нажи-Юьртарчу командаша.

Л.ИБРАГИМОВА

№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: