Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначу юьххьехь уггаре а чолхе гIуллакх дара Казахстанерий, ГIиргIизойчуьрий нохчий а, гIалгIай а шайн махка цIа кхалхор а, кхузахь дIатарбар а. И гIуллакх дIадахьа дезаш дара Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторехула йолчу вовшахтохараллин комитетан 1957-чу шеран бекарг (март) беттан 8-чу дийнахьлерчу «Казахстанерий, ГIиргIизойчуьрий нохчийн, гIалгIайн бахархой Нохч-ГIалгIайн АССР-е юхаберзоран къепенан хьокъехь» йолчу инструкцица нийса а догIуш. Республикера хьал, къаьсттина нохчий а, гIалгIай а дуккха а цIа эха буьйлабеллачу юьххьехь, Iаламат чIогIа чолхе дара.
Хьал иштта чолхе хиларан коьрта бахьана дара алссам адамаш шайн Даймахка цIа эха дуьлалург хилар а, уьш цхьана а дуьхьалонашка совцалург цахилар а Iедало хьесапе эцна хилла цахилар. Меттигашкахь кийча хилла ца хиллера, дуккха а адамаш цхьаьний цIа гIоьртарг хиларна хьовха, шен-шен рогIехь цIавеанарг а тIеэца, шайн хIусамашка дIанисван.
ЦIавеанарг цхьанхьа чувахийта везаш ма вара, цунна тхов-кIело кечъян езаш ма яра. И ца динера. Цул сов, нохчий махках баьхча церан хIусамаш чу кхалхийначу кхечу къаьмнех болчу нахаца цхьана а кепара кхеторан болх дIа ца баьхьнера я ярташкахь а, я гIалахь а. Цундела дегазаллаш а кхоллалора, девнаш а хуьлура, Iотта-баккхамаш а нислора. Мехкан Iедалан коьртачу органашка аьрзнаш деш кехаташ а яздора, телеграммаш а кхоьхьуьйтура нохчийн цIеношкахь, хIусамашкахь Iаш болчара.
Шайн даймахка цIабаьхкинчу нохчашка а, гIалгIашка а хьоьжуш дайн кешнаш доцург хIумма а дацара. Нохчашна а, гIалгIашна а чолхе еана хилла и хан дагалоьцуш, В.Ф.Русина яздора: «Шайн хьомечу махка дуьххьара гIулч яьккхинчу хьалхарчу минотехь дуьйна дIаюьйлаелира церан халонаш. Республикехь цхьа а хIума ца динера цIа богIуш болу бахархой тIеэцархьама. Цаьрца йолу юкъаметтиг даррехь жахьталла йолуш яра».
Грозненски областан а, Дагестанан АССР-н а, Къилбаседа-ХIирийн АССР-н а хIетахьлерчу бахархоша цабезамца тIеоьцура нохчий а, гIалгIай а. Амма хьалха дуьйна а нохчашца цхьаьна Iийначу станицашкарчу бахархоша мелла а дог лазарца, шайн махка цIабирзинчаьргахь долчу хьолах кхетарца тIеоьцура уьш. Царна юкъахь бара Невран, Шелковски, Каргалински кIошташкара бахархой а. И кIошташ хьалха Нохч-ГIалгIайн АССР юкъа йогIуш ца хиллехь а, цигарчу бахархоша церан гIо а лоцура, гIайгIа а бора, царна са а гатдора.
«Оха шу тхайн вежарий санна тIеоьцу шуна», – аьллера нохчашка Курдюковски станицерчу колхозхочо Ф.М.Абидина. – Цхьаьна дехар а ду вай, цхьаьна бертахь болх а бийр бу вай…». Ткъа Несарерчу ахархоша – хIираша, гIалгIаша, жIайхоша цхьаьний колхоз йиллира, цуьнан куьйгалхо хаьржира Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо, гIалгIа.
Делахь а тIебаьхкина болчу, нохчийн а, гIалгIайн а цIенош, латтанаш дIалаьцна Iаш болчу наха цабезамца, жахьталлица тIеоьцура шайн махка юхабирзинарш. «Шу юха а дIадаха дезар ду кхузара», – олура цара.
Юьхьанца 10–15 стаг юкъахь волу кегий тобанаш оьхура цIа. Уьш чIогIа вон тIеоьцура. Цаьрца девнаш дохура, шайн дай баьхначу керта ца буьтура. Iедало прописка ца йора, балха а ца оьцура. Амма, цуьнга хьаьжна ца Iаш, адамаш цIа оьхура. Казахстанехь, ГIиргIизойчохь шаьш дина цIенош, вовшахтоьхна бахам катоьхнна боррах дIа а бухкуш, нохчий а, гIалгIай а дай баьхначу махка схьаоьхура.
1957-чу шарна йолчу планаца цIабан безаш берг 17 эзар доьзал хиллехь, 1957-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхара де тIекхочуш цIабеанарг 37 635 доьзал бара (я 136 444 стаг). Хьал гIоьртина хиларан бахьанех цхьаъ дара бохийначуьра цIабаьхкинчарна болх бан меттиг цахилар а, цIа баьхкинарш шаьш хьалха Iийначу лаьмнийн кIошташкарчу ярташка цабахийтар а.
1957-чу шеран хьаьттан (август) баттахь дIаяьхьначу КПСС-н НГI-н ОК-н VI-чу Пленумехь билгалдаьккхина ма-хиллара, Iедалан органаша меттигерчу бахархошца хьокъала боллу идеологин а, политикин а болх дIа ца хьош дIадолийнера бахархой схьакхалхор.
Оцу Пленумехь НГI АССР меттахIотторехула йолчу вовшахтохараллин комитетан председатела М.Г.Гайрбековс элира: «Историн маьIна долу и гIуллакх дIадоло дезаш дара СССР-н Лакхарчу Советан VI-чу сессехь тIеэцначу КПСС-н ЦК-н Сацаман а, Законан а мехалла дIайовзийтарца. Оцу документех кхето безаш бара бахархой. Амма иза ца дира… Вайна хууш ма-хиллара, нохчий а, гIалгIай а дIакхалхийначул тIаьхьа еххачу хенахь дIабаьхьира нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш аьшнаш даран болх, Грозненски область хиллачу махка схьабаьхкира хьалха нохчашца а, гIалгIашца а Iийна боцу нах. Нохчийн а, гIалгIайн а хьокъехь церан ойла кхоллаеллера халкъан мостагIчо Берияс а, цуьнан хьадалчаша а кхоьллинчу харц эладитанех…».
Оццу Пленумехь Нохч-ГIалгIайчоь меттахIотторехула йолчу вовшахтохараллин комитетан декъашхочо Ш.С. Сагаевс халахетарца билгалдаьккхира: «Гуттар а галдаьлларг ду тхо цIадахкале хьалха дуьйна а оьрсашний, жIайхошний, кхечу къаьмнех болчу бахархошний юкъахь нохчашкий, гIалгIашкий цабезам кхуллуш, цаьрца цхьаьна дахалур дац бохуш боккха болх дIабаьхьна хилар».
Архивера документаш толлучу хенахь ойла кхоллало Грозненски областан куьйгалло, цу юкъахь обкоман секретараша Яковлевс, Сайкос, Фоменкос, кхечара НГI АССР меттахIотторан хьокъехь болу сацам кхочушбарна къайллаха, тийна-таьIна дуьхьало йича санна. Уьш цIабалор а, кхузахь дIанисбар а НГI АССР меттахIотторехула йолчу вовшахтохараллин комитетан гIуллакх долуш санна Iаш хилла уьш.
Оцу хьаькамех цхьа а вахана ца хилла денна цIаоьхуш болчу нохчашний, гIалгIашний дуьхьал. Цу хьокъехь цаьрга бехк боккхуш М.Гайрбековс вай юьйцучу Пленумехь аьлла хиллера: «…ХIора дийнахь масех шалон кхочу кхуза. Амма хьаькамийн хан ца хуьлу, станци а баьхкина, халкъе маршалла хоттуш ши-кхо дош ала, шайн дай баьхначу махка схьакхачарца иза декъалдан».
Iедална иза чIогIа деза а ца деллера. Республикин Iедалан векалша бехказлонаш лоьхура. Нохчий, гIалгIай тIеэцарехь дийлийтина гIалаташ, нисделла кхачамбацарш дайдан гIертара уьш.
Халонаш, дуьхьалонаш мел яккхий хиллехь а, нохчий тIеттIа тIеоьхуш бара, юха шайн махках бевр болуш а бацара…
ИБРАГИМОВ Муса, историн Iилманийн доктор
№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо