Москва, Кремль, 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-гIа де
Нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш кхиарна оьшуш долу хьелаш кхолларан Iалашонашкахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо сацамбо:
I. Нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн къоман автономи меттахIоттор оьшуш лара.
II. РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиумана магадан:
а) РСФСР-на юкъахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь долчу гIуллакхе хьажа;
б) Нохч-ГIалгIайн АССР-н дозанаш а, административно-территориальни дIахIоттам а билгалбаккха.
в) Нохч-ГIалгIайн АССР-н Вовшахтохараллин Комитет чIагIъян, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхара Совет харжжалц йолчу юкъана республикин территори тIехь бахамаллин а, культурин а меттахIотторна куьйгалла дар цунна тIе а дуьллуш.
III. «Нохч-ГIалгIайн АССР дIаяккхаран хьокъехь а, цуьнан территорин административни дIахIоттаман хьокъехь а» долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1944-чу шеран 7-чу мартехьлера Указ а, нохчашна а, гIалгIашна а шаьш хьалха баьхначу меттигашка юхаберзар доьхкуш хиллачу 1956-чу шеран 16-чу июлехьлерчу Указан 2-гIа статья а ницкъбоцуш лара.
К.Ворошилов, СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Председатель.
А.Горкин, СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман секретарь.
№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо