«Грозненски область дIаяккхаран а, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан а хьокъехь» РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ

Москва, 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-гIа де, д.№721/4

Нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн къоман кхиарна оьшу хьелаш кхолларан Iалашонашкахь Нохч-ГIалгIайн Советски Социалистически Автономни Республика меттахIотто, Соьлжа-ГIала коьрта шахьар а йолуш.

Нохч-ГIалгIайн АССР-на юкъа яхийта:

Грозненски областера – Соьлжа-ГIала а, кIошташ а: Грозненски, Гуьмсан, Каргалински, Красноармейски, Междуреченски, Теркан, Новосельски, Невран, Советски, Соьлжан, Шелковски;

Дагестанан АССР-ра Андалакски, Веданан, Ритлябан, Шурагатски, Ботлихан а, Цумадин а кIоштийн малхбузен дакъа (ЧIебарлан а, Шаройн а кIошташ хиллачу дозанашкахь);

Къилбаседа ХIирийн АССР-ра – Малгобек гIала, гIали юххерчу меттигашца цхьаьна, Коста-Хетагуровски кIошт, Правобережни кIоштан къилбаседа-малхбалехьара дакъа (Ачалкхан кIоштан хиллачу дозанашкахь).

Къилбаседа ХIирийн АССР-н Лакхарчу Советан Президиумана а, Нохч-ГIалгIайн АССР-хула йолчу Вовшахтохараллин Комитетана а тIедилла Къилбаседа ХIирийн АССР-на Нохч-ГIалгIайн АССР-на юккъера доза, Къилбаседа ХIирийн АССР-н коьртачу территорица къаьсттина йолчу Моздокан кIоштан территори дIайоккхуш хилар хьесапе а оьцуш, билгалдаьхна дозанаш чIагIдан РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуме дIадалар.

Грозненски область дIаяккха, Караногайски, Крайновски, Тарумовски кIошташ а, ГIизлар гIала а Дагестанан АССР-на юкъа йохуьйтуш, Ачикулакски, Каясулински кIошташ – Ставрополан крайна юкъа йохуьйтуш.

М.Тарасов, РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман Председатель.

И.Зимин, РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман Секретарь.

№1, кхаара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2018 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: