WorldSkills International цIе йолчу дуьненаюкъарчу болам кхуьуш богIу Россехь. 2012-чу шарахь дуьйна WorldSkills Russia чемпионатехь дакъалацаза наггахь йолу субъект бен ца йисна. 2014-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 30-чу дийнахь кхоьллина Корматаллин юкъараллаш а, белхалойн кадраш а кхиоран «Ворлдскиллс Россия» цIе йолу агентство.
WorldSkills-н чемпионатийн гурашкахь дIахьо 22 шо кхачазчу студенташна а, къоначу говзанчашна а юкъахь корматаллин хаарш гайтаран конкурсаш. Церан цхьа (коьрта) Iалашо ю — таханлерчу дийнахь оьшуш йолу белхан корматаллаш йовзийтарца цхьаьна къоначу белхалошна шаьш бечу белхийн мах бовзийтар.
WorldSkills Russia 2016 конкурс
2016-чу шарахь, дIаихначу шерийн жамIашка хьаьжча, бинчу балха тIехь кхиамаш хилар гучудаьлла. Масала, 2012-чу шарахь и конкурс 2 субъектехь бен дIа ца яьхьнехь а, карарчу хенахь WorldSkills Russia 80 субъектехь дIахо. Цхьаболу кхиамаш билгалбаха богIу:
- дIаяьхьна 4 Къоман а, 156 а региональни а чемпионат;
- 20 000 сов студента а, къоначу говзанчас а дакъалаьцна конкурсашкахь;
- 25 000 сов говзанчица юкъаметтиг (зIе) дIатесна;
- 1 000 000 сов хьажархо веана WorldSkills Russia-с дIахьочу мероприятешка.
Песков Дмитрий,
Стратегин дIадолорийн агентствон «Къона говзанчаш» декъан директор